ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чувашерчу кхело юхаталла хьажийна Идель.Реалиин журналистан гIуллакх


Чувашин Лакхарчу кхело Мангал-беттан 22-чохь юхаталла хьажийна магийна йоцчу митингехь дакъалацарна бехкеечу Идель.Реалиин журналистан Комарова Дарьин гIуллакх.

Цунна дуьхьал административан гIуллакх айдаран бахьана ду иза 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь Навальный Алексейн Чебоксары гIаларчу штабан координаторца Кочкин Семёнца къамелдеш хааялар. Кочкин лерина вара харжамашкахь гIалин депутатийн кхеташонехь дакъалаца, цуьнца доьзна харжамхошна хьалха къамел деш хилла иза. Ткъа полисхоша гулам тидина магийна йоцу акци санна.

Охан-баттахь Чебоксары гIаларчу кIоштан кхело, зулам а ца карийна, дIакъевлира Комарова Дарьина дуьхьал айдина дов. Полицино арз дар бахьана долуш, юхаталла сацам бина Чувашин Лакхарчу кхело. Муьлхачу бахьаница юхатоллуш ду дов хоуьйтуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG