ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу лидерийн ойла: хIун дара-те Оьрсийчоьнца юкъарло меттахIоттийча?


Путин Владимиран а, Джо Байденан а цхьаьнакхетар пайде хила тарло Оьрсийчоь дуьненаюкъарчу изоляцера яккха –нагахь санна цунна иза лууш делахь. Британерчу Financial Times газетана хетарехь, 2014-шIа шо тIедаллалц, Украинан малхбалехь конфликт йолаяллалц йолчу заманахь Оьрсийчоьнца еш хилла саммиташ меттахIотторах ойла еш бу Европера лидерш. Газето бина и тидам тергоне эцна The Bell газето а.

Путин Европан хьалханчашца къамеле кхайкха лаам къадийнарг ю Германин канцлер Меркель Ангела. И ойла къобалйина Францин президента Макрон Эммануэла. Хаамо бахарехь, Путинан, Байденан цхьаьнакхетаро прецедент ло Оьрсийчоьнца Европан юкъаметтигаш денъян луучу Германина.

Мангал-беттан 23-чохь, кхаарин дийнахь, Германин а, Францин а арахьарчу гIуллакхийн министраша, саммит хIотто езара аьлла, дIахьедина Европан Бартан векалийн кхеташонехь – иза цецбовларца тIеэцна пачхьалкхашкарчу политикаша.

Ткъа Меркела шегара лаам а бовзуьйтуш, дагаюьйлуш лела кху деношкахь Европан Цхьаьнакхетараллин кхечу лидершца: Берлинехь цо гIуллакх дийцаредина Макронца, Италин премьерца Драги Мариоца, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретарца Блинкен Энтоница, билгалдоккху Financial Times-о.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG