ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболан "Ахмат" клубо Google кхеле елла YouTube-канал дIакъовларна


Нохчийчуьрчу футболан "Ахмат" клубо Америкера Google корпорацина арз чуделла Москварчу арбитражан кхеле. Пачхьалкхан "Правосудие" системехь йоьшийла ду айдинчу гIуллакхах йолу информаци. КхоалгIа агIо ю гIуллакхехь Роскомнадзор.

Претензийн маьIна довзуьйтуш дац системо, амма боху, арз кхаьчна YouTube видеосервисо "Ахмат" клубан аккаунт дIакъевлинчул тIаьхьа. Ткъа дIакъевлира YouTube футболан тобанна иза Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна кIел яхча.

Санкцийн Магнитскийн тептара язйира "Ахмат" адамийн бакъонаш талхорах долчу бахьаница. Клубан коьрта спонсор ю "Кадыров Ахьмадан цIарх йолу фонд" – оцу фонде ахча гулло нахера лаамза дахарца яздина журналисташа дуккхаза а (амма иза харцдо Нохчийчоьнан Iедало а фондан куьйгалло а).

Охан-баттахь Москварчу арбитражан кхело Google декхарейира санкцешца доьзна ютьюбо къевлина йолу консервативан"Царьград" телеканалан аккаунт. 100 эзар сом гIуда тухур ду схьа ца еллахь, бохура кхело. Амма блок дIа ца яьккхира (хIинца YouTube хостингехь кхин аккаунт ю "Царьград" телеканалан).

  • ГIура-баттахь Пачхьалкхан Думо низам тIеийцира арахьарчу пачхаьлкхашкара социалан сервисаш дIакъийла магош, нагахь санна оцу сервисашкахь Оьрсийчуьра лелош контент елахь – цензурах бахархой Iалашбарца юьйзира депутаташа шайн гIулч. Цкъачунна низаман буха тIехь кхайкхийна дац таIзар цхьанненна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG