ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Торнадо Чехехь: масийтта юрт йохийна, белларш, лазийнарш бу


Лаххара а 7 юьртахь даккхий зенаш дина хьаьвзинчу торнадо баккхийн мехаш наггахь а хуьлуш йоцчу Чехин къилба-малхбалехь. 150 сов стеган могашаллина зен хилла, белларш а бу.

Къора а етташ, хьаьвзинчу мохо дохийна иттанаш цIенош. Гиначара тоьшалла дарехь, Грушка юьртахь дийна ца йисина цхьа а гIишло, лаьтта деккъа пенаш. Алссам зенаш хилла луларчу ярташна а, масала, йохийна бIешерашкахь лаьттина Валтице гIап.

Билггал маса ву велла, лазийна цкъачунна толлуш бен дац – цIеяйъархой, орцанхой ца ларабелла массо а ярташка кхача. Бохамаш хиллачу меттигашка хьийсийна шайн орцан ницкъаш луларчу Австрино а, Словакино а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG