ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажаройн лидера дуьххьара шена тохийтина Тегерано кхоьллина вакцина


ГIажаройчоьнан Лакхарчу лидера шена тохийтина махкахь дукха хан йоццуш коронавирусна дуьхьал кхоьллинчу вакцинан хьалхара маха. ПIераскана оцу хьокъехь хаам баржийна Washington Post газето, гIажаройн хаамийн гIирсашна тIе а тевжаш.

Дечкен-баттахь Аятолла Iела Хаменеис пачхьалкхана дихкира арахьара вакцина эца, Тегерано "къомо дозалла дендолу" препарат кхоллалц.

ГIажаройчоьно шен некъ болийра COVIran Barekat вакцина кхуллуш – иза ницкъах эшийначу коронавирусах йина. Иза зен йолийра Гура-бутт боьрзуш. ДIадахначу кIиранах вакцина магийна пачхьалкхан лоьрех лаьттачу тергамчаша.

ГIажаройчоьно ца довзийтира керлачу вакцина зуьйш гучудевлла жамIаш, амма тоьшалла дира, цуьнан эвсаралла 85% ю, аьлла.

Теоре диллича, ГIажаройчоьнан яра вакцина Малбалехь эца бакъо. Мах а бара цунна лахбеш, COVAX программица а догIуш. Амма дуьненаюкъарчу банкашна ца лаьа ГIажаройчоьнца гIуллакхаш лело – кхоьру Америко тоьхначу санкцех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG