ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь масех стаг вийна урамехь наханна урс диттинчо


Масех стаг вийна, лазийна наханна урс детташ хьийзинчо Германехь, Баварерчу Вюрцбург гIалин центрехь. Полицино хаам бина, иза лаьцна аьлла.

Bild таблоидан информацица, когах герз тоьхна сацийна тIелетархо. Велла цуьнан карах кхо стаг, масех ву чов хилла.

Полицино бахарехь, 24 шо долу Сомали махкара схьаваьлла жима стаг ву нахана урс диттинарг. ТIенисбелла нах, дуьхьал гIенташ кхуьйсуш, гIиртина цунна дуьхьало ян.

Цкъачунна кхеташ дац, хIун бахьана ду иза тIелатаран. Iедало, хила мега цо динчу зуламца терроран Iалашо, боху, амма хоуьйту иза психатриян дарба шена леладайтина а, адамашна зен дан торуш а стаг ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG