ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан шичин кIентан автодроме дехьайолуш ю "Формула-1"


Сочера Ленинград-махка дехьаеер ю Оьрсийчуьра машенийн чехкалла къовсу "Формула-1" шоу. Иза дIахьор ю керлачу "Игора Драйв" трасси тIехь. Проектан да ву Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран шичин воI Шеломов Михаил а, ВТБ банк а, ткъа трасса буьллуш дакъалаьцна президентан доттагIийн компанеша – Ковальчук Юрийн а, Путинан доттагIчун Колбин Пётран кIентан Владимиран.

"Формула-1" дехьайолуш юйла хаийтина машенийн барамийн куьйгалхочо Доменикали Стефанос. Цо бахарехь, "Игора Драйв" трасси техь хьалхара турнир дIахьор ю 2023-чу шарахь. Автодром хIоттийна Петербурганна 54 километр юьстах, гIосалазийн "Игора" курортна уллехь. Цигахь дIадаьхьира 2013-чу шарахь Путинан йоьIан Тихонова Катеринин ловзар. Ткъа курортан долахо ю Путинна кхечунхьа йина аьлла юьйцучу Кривоногих Елизаветин нана, яздира "Проект" ресурсо.

"Игора Драйв" трасса схьабиллина 2019-чу шарахь, архитектор ву Тильке Герман - массо а "Формулы-1" трассин автор. "Бизнес-ФМ" радионо цуьнан мах бу бохура 2017-чу шарахь 11 миллиард сом.

2020-чу шарахь пачхьалкхан ВТБ банко ийцира автодроман 15% дакъа, делира цунах 2,8 миллиард сом (берриг мах бара трассин 18,7 млрд), дагадоуьйту Sports.ru портало. ТIаьхьо банко Ковальчук Юрийгара дIаийцира цуьнан дакъа, шен кара проектан 45% дакъа а нисдеш.

  • 2017-чу шарахь Путинан шичин к1анта Шеломов Михаила болхбира пачхьалкхан Совкомфлот" компанехь. Шега "Новая газетан" корреспондента, 11 миллиард сом мах болчу, еш лаьттачу автодроман гIишлойх лаьцна хаттар дича, цо элира, шена цунах лаьцна "хазар доцург, хууш хIума дац".
  • 2019-чу шарахь "Проект" портало Шеломовн бахам бу бохура 1,25 миллиард долларе кхочуш. Талламаш д1абаьхьначу журналисташна хетарехь, миллиардерна тIеязйинчу компанийн да иза а воцуш, кхин хила мега.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG