ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 41 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 556 – цомгуш хилла


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 41 пациент, цомгуш хилла кхин 556.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 21 вахархо, Ставропол-махкахь – 6, Дагестанехь – 5, ГIалмакхойчохь, Адыгейхь, Нохчийчохь – шишша, Къилбаседа ХIирийчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIалгIайчохь – цхьацца. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 11 181 стаг, боху официало.

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Краснодар-махкахь, лахара – Къилбаседа ХIирийчохь.

  • Краснодар-мохк + 139 (511 95 ерриг хенахь)
  • Дагестан + 128 (35 287)
  • Ставропол-мохк + 116 (56 651)
  • ГIалмакхойчоь + 43 (21 416)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь+ 31 (24 784)
  • Нохчийчоь + 30 (12 655)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 20 (20 808)
  • ГIалгIайчоь + 17 (16 084)
  • Адыгей + 17 (14 948)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 15 (17 248)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 271 076 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Мангал-беттан 26-чу денна и терахь ду 5 409 088*

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГI1ирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG