ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоь вовшахбоза йоллу Iаьржа а, Мармаран а хIордаш


Босфор, Туркойчоь
Босфор, Туркойчоь

Шоьтадийнахь Туркойчоьно белхаш болийна Iаьржа хIорд Мармаран хIордах бузу харш доккхуш. Пачхьалкхан исторехь уггаре йоккха инфраструктурин проект ю иза. Болх болор даздечу барамехь дакъалаьцна Туркойчоьнан президента ЭрдогIан Реджепа, хаам бо "Анадолу" агенталло.

Хорша цIе хир ю "Истамбул", Босфоро боххьу пайда бохьур бу цо, белхаш берзо дагахь ду туркойн Iедал 2028-чу шарахь. Мах бу юьхьарлаьцначу проектан 15 миллиард доллар.

Дукха хенахь дуьйна ши хIорд вовошахбоза лаам бара ЭрдогIан Реджепан. Кеманаш шо шаре мел долу сов алсам лела Босфор-хидоькъе гIеххьачул мукъаяьккхича, дахар аттачу дер ду уггаре ширачу туркойн гIалин Истамбулан, элира барам дIахьош президента ЭрдогIана.

Оцу юкъанна, харш диллийта реза бац Истамбулера дуккха а бахархой, экологаш - жил-Iалам талхарна кхоьру.

45 километр деха а, лаххара а 240 метр шуьйра а хир ю керла хидоькъе. Цунна тIехула дуьллур ду машенийн ялх тIай. Царех цхьаъ ду шоьтадийнахь дан долийнарг. Ша харш даккха долор ду 1,5 шо даьлча.

Шакъаьстина, дуьненаюкъарчу низамашца дозу гIуллакх ду "Стамбул" хидоькъийлах хьакхалуш: дуккха а юристашна гарехь, Босфорехула Iаьржа хIорда чу доьлхучу юьстахарчу мехкийн хинкеманаша хьочу кирна а, Iаьржа хIорда чохь йоккхучу ханна а туху дозанаш (Монтрён конвенци) деттар дац керлачу хорша чухула лелачу хинкеманашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG