ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курхаллаш лелийна ФСБ-н кхо эпсар лаьцна кхело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Баккхийчу барамашкахь курхаллаш лелийна аьлла, Москварчу гарнизонан тIеман кхело ФСБ-н авиацин урхаллан 6-чу декъан лаккхара кхо эпсар лаьцна. "Коммерсанто" бина цунах лаьцна хаам. Бехкаш тIе ца лоцу жоьпе хIиттийначара.

Талламчийн версица, оцу декъан полковнико Кравченко Юрийс а, цуьнан гIовсо, подполковнико Сохин Артема а, майоро Романов Сергейс а 64 миллион гергга ахча лачкъийна хилла Ставрополерчу "АсСтрой" фирмаца конртакташ дечу хенахь.

Кеманашна лерина авиацин-техникан гIирс Iалашбан вовшахтосу, вовшайоккху комплекс дIахIоттон дезаш хилла Ставрополерчу компанино Воркутахь. Контрактан билламаш ма-барра шаьш кхочушбина, талламчаша лачкъийна бохучу ахчанаш комплекс дIа а хIоттийна шаьш, иза болх беш а ю бохуш, чIагIдора кхелехь эпсарша. Амма кхелахой тешна бара, маьрша битинехь, бехкебечара тешашна тIеIаткъамбан а, тоьшаллаш къайладаха а тарлора аьлла.

ФСБ-н кхо эпсар Москварчу номер 4 йолчу "Медведь" СИЗО хьажийна. Кхеле хIиттийначийн адвокаташа латкъам бина кхелан сацамна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG