ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 30 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 619 – цомгуш хилла


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 30 пациент, цомгуш хилла кхин 619.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 14 вахархо, Ставропол-махкахь – 6, ГIалмакхойчохь - шиъ, Адыгейхь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - кхоккха, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а - цхьацца.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 11 241 стаг, боху официало

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Краснодар-махкахь, лахара – Адыгейхь.

Краснодар-мохк + 167 (51 513 ерриг хенахь)
Дагестан + 128 (35 542)
Ставропол-мохк + 128 (56 905)
ГIалмакхойчоь + 51 (21 514)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 32 (24 848)
Нохчийчоь + 35 (12 722)
Кхарачой-Чергазийчоь + 22 (20 851)
ГIалгIайчоь + 23 (I6 I28)
Адыгей +15 (14 979)
Къилбаседа ХIирийчоь + 18 (17 282)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 272 284 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Мангал-беттан 28-чу денна и терахь ду 5 472 941*

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIIирмера хьал.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG