ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь шегара даьллачунна гечдар дехна петербургхочо


ХIинжа-ГIала
ХIинжа-ГIала

Санкт-Петербургера схьаваьлла, Дагестанехь вехачу жимчу стага къинтIера баьхна меттигера бахархой, ша де хьалха социалан машанехь зорбане даьхначу товш доцчу суьрташна тIехула. Царна тIехь лаьмнийн фонехь зудаберашца лаьтташ ву иза.

"Ас даггара доьху сайна бехк цабиллар дукха хан йоццуш сайгара даьллачунна. Боккъал а дуккхаъчух кхетта со. ТIехулара санна хийцалур ву со чуьра а. Суна чIогIа хазахета Дагестан, шуна вас ян дагахь вацара со сайн хотIаца. ТIейогIучу заманчохь оцу кепарниг сайгара долуьйтур дац ас, доьху шуьга къинтIерадовлар", - дIахьедина цо, ша Life Dagestan пабликехь дахначу кIиран дийнахь Iораяьккхинчу видео тIехь.

Шен вистхилар дерзош Сергейс ши сурт гойту, хетарехь, иза дохковаьлла уьш бахьанехь. Суьрташ тIера зудабераш йоцу шорташ йоьхна ду.

Стигалкъекъа а, Мангалан а беттанашкахь масех Оьрсийчуьрчу вахархочо гечдар дийхира шайна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, шаьш иза сийсазварна.

Цуьнан инстаграмехь йоьдучу эфирехь Дагестанерчу кхиазхочо цунна "шайтIа" аьлча, йолийра Кадыровна дуьхьал флешмоб.

Стигалкъекъа-баттахь Дагестанехь 18 шо долчу Албеков Руслана гуш-хезаш бехк цабиллар дехнера, Дербентехь ритуалан комплексна хьалха ша лезгойн хелхар дарна. Цуьнан видеокъамел зорбане даьккхира республикехула йолчу МВД-н зорбан-сервисо.

Хьалхо дийцина ма хиллара, республикал арахьа йолчу нохчийн диаспорашкахь нах бу, Нохчийчоьнан куьйгалхошна а, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а хIуманаш дийцарна дуьхьало ян декхарелахь бина. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG