ГIалгIайчуьрчу протестийн цхьахволчу лидеран, чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан экс-министран Погоров Ахьмадан адвокато Гагиев Мохьмада латкъам бина Нальчикерчу СИЗО-на, "сийсазечу" хьелашкахь иза латтош хиларна.
"Яхкаелла лаьтте, меттигашкахь йиллина бетон а гуш меттигаш бу, цу чохь Iаьнаре дерзоро могушаллина зен до, унитаз яц болх беш, ангали дац корашкахь, чалтарш ю, пенаш тIехь тIуналла... Боьха хьожа ю чохь лаьтташ", - аьлла, яздина арза тIехь.
Погоров кхечу камера чу дехьавоккхур ву аьлла, тешна ву Гагиев, ша вистхиллачул тIаьхьа. Цунна хетарехь, и хаттар нахала даккхаро тодан тарло Погоров латточу СИЗО-ра хьелаш.
Кавказ.Реалиига адвокато дийцарехь, низамо бакъо ло прокуратуре а, кхеле а вала, и дан дагахь ву иза, нагахь санна, СИЗО-хь Погоров латтон хьелаш ца хийцахь.
"Кест-кеста СИЗО а, колони а вогIу со массо а хетарш листа: лоьрийн гIо кхачадайта а, цигахь латточу хьелех гIуьттучу хеттаршна а. Даьлла хIума а доцуш, и стаг гIуданан изолятор чу вуллу, я цхьа кхечу агIор таIзар до. Ас сих-сиха яздеш ду цунах лаьцна. Цкъацкъа тергалдо ас бохург, цкъацкъа ца до. Нагахь сайна дуьхьло яхь, я хила еза реакци ца хилахь, прокуратуре а, кхеле дIахаийта дезаш хуьлу. ХIинца а сайна хийцаделла хIума ца гахь, иск хьош кхеле гIура ву со", - дийцина Гагиевс.
Хьалхо Ессентукерчу кхело кхин а кхаа баттана дIаяхъйира Погоров лаьцна вуьтуш хан. Кхул а хьалха ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Лакхарчу кхело Погоров Ахьмад цIахь лаьцна сацо магош сацам бира. Амма тIаьхьо Ессентукерчу кхелахоша юха а изоляторе хьажийра иза.
Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза ца хилла и статус тIеэца – Редакцин билгалдаккхар) политикан тутмакх лору ГIалгIайчоьнан вахархо, цигахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран даржехь Iийна, Iедалан ницкъашна дуьхьалоярна, "экстремистийн юкъаралла" кхолларна бехкевен Погорв Ахьмад.
2019-чу шеран бIаьста гIалгIайн жигархоша гулам хIоттийра шина республикан куьгалхоша Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнний дозанаш къастош хIоттийна бертан документ шайна цатайна хиларна. Масех де даьлча гулам ницкъаша бохийра Iедало. 2020 шо доьрзуш Ставропол-махкарчу Ессентуки гIалахь дуьйладелира гIалгIайн протестан лидерийн кхелан ладегIарш. Экстремизм а, полицина дуьхьалояр а ду царна бехкедиллинарг.
ВорхI стаг ву кхеле хIоттийна: Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. Цара массара а бехкаш тIе ца дуьту.
Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро политикан тутмакхаийн могIара язбина лецнарш.