ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь 38 велла уьнах. Лазарца ву - 741


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 38 пациент, цомгуш хилла кхин 741.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 20 вахархо, Ставропол-махкахь – 6, Нохчийчохь - 3, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а - шишша, ГIалмакхойчохь - цхьаъ.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 1 358 стаг, боху официало.

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хьакхаделла нах бу Краснодар-махкахь, лахара – Къилбаседа-ХIирийчохь.

Краснодар-мохк + 190 (52 063 ерриг хенахь)
Дагестан + 155 (35 983)
Ставропол-мохк + 150 (57 331)
ГIалмакхойчоь + 65 (21 694)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 38 (24 956 )
Нохчийчоь + 46 (12 851)
Кхарачой-Чергазийчоь + 23 (20 917)
ГIалгIайчоь + 25 (16 204)
Адыгей + 27 (15 051)
Къилбаседа ХIирийчоь +22 (17 344)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 272 394 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Мангал-беттан 29-чу денна и терахь ду 5 538 142*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG