ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Итт дийнахь карантин ларъяхь Австрино чубуьтур бу Оьрсийчоьнан бахархой


Эпидемиологин хьал телхина долчу пачхьалкхийн тептарера дIаяьккхина Австрино Оьрсийчоь, бакъо елла шайн махка бахка муьлххачу а Iалашонца. Тахана, Товбеца-беттан 1-чу дийнахь дина цунах дIахьедар Австрин арахьарчу гIуллакхийн министро Шалленберг Александра.

Москварчу Австрин векалто тIечIагIдарца, оцу пачхьалкхе боьлхучарна виза йоцург оьшур ду, вакцинаци йина хиларх сертификат, COVID-19 вирус текхна аьлла тоьшалла, я ун дац аьлла, керла дIаелла тест немцойн а, ингалсан а меттанашкахь йозанца.

Оцу юкъанна ала догIу, BioNtech/Pfizer, AstraZeneca, Moderna, Johnson & Johnson, Covishield я Sinopharm вакцинаш бен цара къобалъеш цахилар. Оьрсийчоьнан "Спутник V", КовиВак я ЭпиВакКорона препараташ лорур яц.

Австри баьхкина Оьрсийчоьнан бахархой декхаре хир бу итт дийнахь карантин ларъян а. Карантин йирзина ала тарло, нагахь санна, пхоьалгIачу дийнахь коронавирус яц аьлла, тест гайтахь, хаам бина Москвахь куп тоьхначу Австрин векалто. Белхан визашца баьхкинчара карантин ларъян ца оьшу.

Вакцинаци яйтина аьлла, карахь сертификат хилчахьана цхьа могIа пачхьалкхаша аттачу даьккхина шайн мехкашка вар. Масала, Туркойчоьно, Кипро, Хорватино, Черногорино, Мароккос, Урдуно, Молдавино, Эрмалойчоьно.

Оьрсийчохь регистрацех чекъяьлла муьлхха а вакцина яйтинарг Туркойчу вуьтуш ву. Кхечу пачхьалкхашка "Спутник V" препаратца прививка йинехь бен ца вуьту.

Цхьайолу пачхьалкхаш хIинца а кийча яц вакцинацех чекхваьлла аьлла, сертификат карахь йолу Оьрсийчоьнан туристаш чубахкийта. Масала, Желтой-махка я Гуьржийчу воьдуш, коронавирусана дуьхьал мехий тоьхна тоьшалла хиларал совнах, ПЦР-тест а хила, кемана хаале 72 сахьт хьалха йина.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Оьрсийчохь COVID-19 вирусан ун даьлла ву 23 543. Керлачу коронавирусан уьнах велла 672 пациент.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG