ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 40 дархо, цомгуш хилла - 788


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 40 пациент, цомгуш хилла кхин 788.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 21 вахархо, Ставропол-махкахь – 7, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а шишша велла.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 11 398 стаг, боху официало

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Краснодар-махкахь, лахара – Къилбаседа ХIирийчохь.

Краснодар-мохк + 202 (52 265 ерриг хенахь)
Дагестан + 161 (36 144)
Ставропол-мохк + 159 (57 490)
ГIалмакхойчоь + 71 (21 765)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 41 (24 997 )
Нохчийчоь + 51 (12 902)
Кхарачой-Чергазийчоь + 25 (20 942)
ГIалгIайчоь + 29 (16 233)
Адыгей + 25 (15 076)
Къилбаседа ХIирийчоь +24 (17 368)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 275 182 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Товбеца-беттан 2-чу денна и терахь ду 5 561 360*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG