ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан цIарах Думерчу ялх депутато пхеа шерачохь дош хазийна дац


Пачхьалкхан Дума
Пачхьалкхан Дума

Пачхьалкхан думехь пхеа шарахь цхьана а кхеташонехь дош аьлла, бистхилла бац Къилбаседа Кавказерчу мехкийн - Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Адыгейн а цIарах болу депутаташ. Халкъо хаьржинчара низамаш юкъадахарехь бинчу белхан хьесап а дина, Znak.com, "Важные истории" гIирсаша дийцина "бага хи лаьцча" санна, цхьана а кепара "инициатива йоцчу" депутатех.

Парламентан лахарчу палатехь шаьш белхаш бечу юкъанна я думин трибуни тIера а, я шайн белхан меттигашкара бист ца хиллачу 22 депутаташлахь билгалбаьхна Къилбаседа Кавказан векалш а цхьана.

Ву царлахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан кхерамзаллехула а, коррупцина дуьхьало яран а комитетан декъашхо, Нохчийчоьнан куьйгалхочун герггара Делимханов Адам, къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан декъашхо Догаев Ахьмад - ший а Нохчийчоьно хьалхатеттина ву.

Дуьненаюкъарчу гIуллакхийн комитетан декъашхо Маграмов Iабдулмажид а, энергетикан комитетан декъашхо Эмиргамзаев Iабдулхьамид а - Дагестанан цIарах ву.

"Тина-таьIначийн" тептарехь ву ишта "Единая Россия" партин федералан тептарехула хаьржина волу, Адыгейн цIарах лелаш физкультуран а, спортан а, туризман а комитетан декъашхо Хасанов Мурат.

Лакхахь хьахийна парламентхой Iедалан партин векалш белахь а, пхеа шарахь тапъаьлла Iийна волу Бифов Анатолий- Къилбаседа Кавказан ворхIаннах ялх регионна тIехь Iуналла латтош ву - иза КПРФ-н цIарах хаьржина ву.

Шайн партеша харжамашна а, керлачу гуламе а хьалха теттина ву Делимханов а, Догаев а, Хасанов а.

"Пачхьалкхан Думан кхеташонехь жигаралла гайта еза депутаташа я ца еза бохург дуьххьара дийца доккхуш дац. Амма хIокху хаттарехь хIора депутат ша-ша листа веза. Кхеташ ду, парламентан пенаш юкъахь болх бар коьртаниг дац оццу Делимхановна, цхьа лерина статус ю иза, амма иза жигара болх беш ву Нохчийчохь. Цуьнга ладоьгIча, олийла дац бакъо йоцуш мандат кхаьчна цуьнга", - аьлла, комментарий йитина депутатийн "бага хи лаьцча санна" Iарх политолога Фетисов Дмитрийс.

Ишта хьал ду аьлла хета Фетисовна коммунист волчу Бифов Анатолийца дерг а, иза а ву, шен лаьтта тIехь а, Пачхьалкхан думан комитетехь а къахьоьгуш.

Карладоккху, 2017-чу шарахь Пачхьалкхан Думан ворхIолгIачу гонехь хаьржинчу депутаташлахь жигаралла теллинчу РБК агенталло, билгалваьккхира бага хи лаьцна Iен 17 депутат. Думан сайтан хаамашца, цара юкъа ца ялийнера цхьа а низаман проект, я тIе ца тайнера шайн колегийн инициативашна, бист ца хиллера цхьана а кхеташонехь. Царлахь вара хIетахь а Нохчийчоьнан цIарах Думе кхачийна Делимханов Адам а.

Политологна Галлямов Iаббазна хетарехь, шайн лаамаш кхочушбичхьана оцу тайпачу нехан сингаттам бац халкъан интересашца, цара терго ца йо юкъараллана оьшучун а.

Делимханов Адам, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат ву 2014-чу шеран аьхка дуьйна «дуьненаюкъарчу мафица зIенашкахь хиларна» цIе йолчу Американ санкцийн тептара язвина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG