Юкъарчу транспорта тIехь масканаш лелор юкъадалош ду Нохчийчохь тахана, Товбеца-беттан 4-чохь дуьйна, махкахь коронавирусан ун даржа доларна аьлла, хаам бина транспортан а, зIенийн а министралло, яздо РБК агенталло.
"Масканаш йоцу пассажираш транспрта чу буьтур бац махкахь. Белхан хенахь масканаш лелор шога лардан дезар ду юкъарчу тарнспортан урхалла дечийн а", - аьлла, билгалдаьккхина ду хаамехь. ТIетаьIIина коронавирсан ун даьржаш хиларца доьзна юкъабалийна и барамаш аьлла, кхетийна министралло.
ТIаьхьо регионерчу оперативан штабо а дIахьедира, маьждигашка а, килсашка а ах чоь дIаюьзна бен адам дита мегар дац, ткъа масканаш цигахь а лелон дезар ду аьлла.
"Маьждигашка а, килсашка а богIучеран карахь коронавирусах вакцинаци йина аьлла сертификат хилча дика хир ду", - аьллачу Роспотребнадзоран куьйгалхочун Термулаева Ритин дешнаш далийна агенталло.
Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, масканаш лелор махкахь юкъарадаьккхина ша аьлла.
"Нах гуллучу меттигашкахь масканаш лелор юкъарадоккху оха. Делахь а, COVID-I9 вирусан кхерам болчу баккхийчара а, цомгашчу наха а, оцу уьнах чекхвалазчо а лелийча бакъахьа хир ду", - яздира Кадыровс шен Телеграмехь. Регионера хьал дукха лерина зийначул тIаьхьа бина шаьш оцу кепара сацам бохура нохчийн урхалхочо.
Роспотребнадзоран хьалханчас Попова Аннас Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца къоьвсира масканаш дIаяхар. Республикехь масканаш лелор дIадаккхарх Кадыровс динчу дIахьедарх йистхуьлуш, цуьнан компетенцехь дац оцу кепара сацамаш тIеэцар аьлла, билгалдаьккхира цо а.
ТIаьххьарчу хаамашца, Нохчийчохь цхьана буса а, дийнахь а коронавирусан ун хааделла 55 стагаца. Пандеми яьржичхьана ун текхна цигахь 12 957 пациенто. Велла вирусах 164 дархо.