ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибашца тIемаш бинчул тIаьхьа 300 овхIанхойн эскархо юхаваьлла Таджикистане


Таджикистанан дозана тIе дехьабевлла овхIанхойн тIемалой, архивера сурт
Таджикистанан дозана тIе дехьабевлла овхIанхойн тIемалой, архивера сурт

Оьрсийчоьно йихкинчу террорхойн организацийн могIаре яьккхинчу "Талибан" радикалан исламистийн боламо шен контроле оьцучу Бадахщин провинцера юхаваьлла 300 сов овхIанхойн тIемало Таджикистанан дозане чувитина. Свобода Радион таджикийн сервисо бина цунах лаьцна хаам, дозанхойн урхалло динчу дIахьедарна тIетевжина.

Цхьана кIиранчохь кхозлагIа хиллла хIума ду иза. Iедалхойн позицешна тIалибаш тIегIертачу юкъанна уьдуш бу тIемалой.
ТIаьххьарчу кIиранашкахь церан аьтто хилла иттаннашкахь кIошташ шайн караерзо. Боьлхучу тIемашкахь церан ка яьлла ишта дозанхойн комендатура схьаяккха а.

Американ тIемалой ОвхIанистанера арабохучу заманчохь дIахьош ду тIалибийн тIелатар. Шайн эскарш цу чуьра арадаха Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена тIаьххьара де билгалдаьккхина - Гезгамашин-беттан 11-гIа.

ТIалибаша тIелетачу юкъанна Американо дехар дина Узбекистане а, Казахстане а, Таджикистане а, шайн эскархошна гIо дина 9 эзар овхIанхо цхьана ханна шайн мехкашкхаь дIатарвахьара аьлла, яздо Bloomberg агенталло.

Арахьара контингент дIадаьккхича, цаьрца юкъарло лелийна овхIанхой кхоьру шайн кхерамзаллех. Ткъа Вашингтонан цкъачунна таро яц царна лочкъийла яла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG