ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 уьнна дуьхьал 300 эзар стагана вакцина тоьхна Нохчийчохь  


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

300 эзар сов вахархочунна вакцина тоьхна Нохчийн республикехь COVID-19 вирусна дуьхьал. Цуьнах лаьцна хаам бо меттигерчу "Грозный-информ" агенталло, Нохчийчуьрчу могушаллан министраллана тIе а тевжаш.

Дийцарехь, республикехь жигара дIайоьдуш ю коронавирус инфекцина дуьхьал вакцина тохар. Могушаллан министраллерчу хьастано чIагIдарехь, Нохчийчуьрчу "массо а поликлиникашкахь а, дарбанан цIийнашкахь а раьгIнаш хIиттина" COVID-19-на дуьхьал маха тохийта луучеран. Могушаллан министралло чIагIдарехь, Нохчийчохь "верриг а вакцина тоьхна ву 300 852 вахархо".

Хьалхо зорбанан гIирсаша хаам бира, Нохчийчохь нахана ца лаахь а, лууш санна вакцинаци еш хиларх лаьцна. Иштта, нах мехий деттийта декхаре беш Iедалхоша административан ресурсах пайдаоьцу. Оцу кепашца махкара гайтамаш дикачу агIор хилийта хьийза Iедалхой, яздо Кавказ.Реалии портало.

Махкара бахархой бертаза, лоьрашна тIе буьтур бац, балхара дIадохур ду бохуш, кхерамаш тийсар а, прививкашна нохчий дуьхьалбовлар а доза мегар ду Iедалшкара схьа долчу цхьана а хIуманах халкъ тешаш цахиларца. Я федералан Iедалх а, я меттигерчех а.

Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана пандеми йолаеллачу муьрехь массарна а хезаш юьхь яьккхира, инфекцех шаьш баларна кхоьручу нахера.

"Ишта а, вуьшта а шу лийр долуш ду, шайн хан тIекхаьчча, лимон а, моз а тухуш, хи мела, саьрмасекх тIе а кхоллуш", - хьийхира Кадыровс цамгарх дарба, 2020-чу шеран Зазадокху-баттахь.

ТIаьхьо, хIинццалц денна шен жигаралла социалан машанашкахь гойту иза, шина кIиранна къайлаваьлча, дуккхаъчу хаамийн гIирсаша яздора, Кадыровх коронавирус хьакхаелла, бохуш. Ткъа цо тIе ца дуьтура, ша могуш вац бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG