ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 ун даьллачул тIаьхьа велла кинорежисёр Меньшов Владимир


Меншов Владимир шен зудчуьнца, актрисица Алентова Верица

Москвахь коронавирусан инфекци яьллачул т1аьхьа велла кинорежиссёр Меньшов Владимир, хаам бо Свобода Радионо Мосфильмана тIе а тевжаш. Режиссеран дара 81 год.

Мангалан-бутт чекхболуш хаам бинера Меньшов COVID-19 кхетта хиларх лаьцна, магар яра яйн кепехь.

Меньшовс яьхначу киношна юкъахь уггар евзачерах ю "Любовь и голуби", "Ширли-мырли" , "Москва слезам не верит". 1981-чу шарахь оцу тIахьарчу фильмана "Оскар" совгIат делира Американ киноисбаьхьаллин академино, кхечу пачхьалкхийн маттахь яьхначарна юкъахь уггар дика кино ю иза аьлла. Меньшов Владимира ролаш ловзийра 120 сов кинохь. Иза иштта вара сценарист а.

Меньшов 2003-чу шарахь хилира "Цхьаалиин Оьрсийчоь" партин декъашхо. 2018-чу шарахь Путинан тешаме стаг вара иза президентан харжамашкахь. 2021-чу шарахь Пачхьалкхан Думан депутийн харжамашкахь дакъалаца дагахь а вара иза, "Нийсонан Оьрсичоь - бакъдолчуьнгахьа" партин цIарах.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG