ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тыва а, Алтай а, ГIалгIайчоь а уггар къен кхо республика лаьрра Оьрсийчохь. Нохчийчоь ю – 72-гIа


Тыва
Тыва

Тыва а, Алтай а, ГIалгIайчоь а уггар къен кхо регион лаьрра Оьрсийчохь 2020-чу шеран жамIаш деш. Къаа декъах цхьа дакъа къоьллехь дехаш ду Тува республикерчу бахархойх. Цунах лаьцна хаам бо "РИА Новости" агенталло ша бинчу талламна тIе а тевжина.

Къен хиларан тIегIанал а лахарчу хьолехь бехачу нехан терахь ду Тувахь 34,1%. Оцу категорина юкъахь бу тIедогIу рицкъ уггар а лахарчу алапал (МРОТ - минимальный размер оплаты труда. Кхушеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь иза ду - 12 792 сом) а лахара долу бахархой – Тувахь иза 24 эзар сом жимма тIех эккхаш ду Республикера 6,8 % бахархой кхин а гIийла бехаш бу, цаьрна тIедогIу рицкъ ах а дац уггар лахарчу алпан бараман, яздо Свобода Радионо.

Алтай республикехь къен хиларан тIегIанал а лахарчу хьолехь бехаш бу 23,8% бахархой, ткъа оцу къечу нахал а къен бехачу нехан терахь ду – 3,9%.

Оцу талламца а догIуш, 85 субъектана юкъахь дахаран хьелаш вон хиларца 3-чу меттехь (лакхара охьа 83-чу меттехь) ю ГIалг1айчоь. Къен хиларан тIегIанал а лахарчу хьелашкахь бехаш бу цигахь 30% бахархой, ткъа оцу къен нахал а къен бехачу нехан терахь ду – 4,5%.

Нохчийчоь ю 72-чу меттехь. Къен хиларан тIегIанал а лахарчу хьолехь бехаш бу цигахь 20,4% бахархой, ткъа оцу къечу нахал а къен бехачу нехан терахь ду – 3,1%.

Уггар гIоле хьал ду оцу гайтамашкалу Ямало-Ненцойн автономин гонехь. Цигахь къен хиларан тIегIанал а лахарчу хьолехь бехаш бац 5% бахархой а бен, ткъа оцу къечу нахал а къен бехачу нехан терахь ду – 0,6%.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG