ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ас ишттанаш деша чу а ца буьту". Нохчийчуьрчу бусалба зудаберех лаьцна Краснодарерчу Iилманчас-зудчо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Краснодарерчу пачхьалкхан медицинан университетехь дов иккхина, кхин къаьмнаш цадезар гойтуш, цигарчу хьехархочо, стоматолога-хирурга инстаграмехь яздинарг бахьанехь.

Бусалбанаш сийсазбеш лоьро язйина комментареш дуьххьара тидамеэцнарг ю Дагестанера бакъоларъярхо, блогер Алиева Марем. Йозан скриншот а яьккхина, иза йовзийтина цо. Лоьро ша 20 шо ду боху хьоьхуш йолу, "тIаьххьарчу хенахь горгамашна юкъахьерчаделла Нохчийчуьра дукха бусалба зудабераш даьржина", яздо цо.

"Ас ишттанаш деша чу а ца буьту – шайна ма-луъу деша бусалба пачхьалкхашкарчу хьуьжаршкахь. Тхайниг динах маьрша доьшийла ю, вайна массарна а юкъара долчу низамашца баха беза уьш. Краснодар-махкахь цхьаммо а оьцур бац уьш балха – тхо къовсамехь ду цаьрца. МогIарчу, тIекIелдинчу цIеношкахь бехачу наха иконийн репродукцеш летайо чу – иза ша ду!" – дIахьедина хьехархочо ша инстаграмехь язйинчу комментарехь.

И къамел луьстучу Алиевас хьоьху балакхаьчначарна лоьранна дуьхьал полице а, университете а арз яздар.

"Ишттанаш мегар дац студенташна герга бита. Цо царна хIун Iамор ду? Теллина оха дерриг а, иза Краснодарерчу пачхьалкхан медицинан университетера хьаехархо ю, шина стоматологин клиникехь пациенташ тIе а оьцу цо: цхьаъ ю университетан стоматологин поликлиника, шолгIаниг – оццу университетан "СК-Клиник".

ТIаьхьо хааделла хьехархочо и тайпа ксенофобин ойланаш инстаграмехула дуьххьара яржош йоцийла. Масала, цо кхайкхамаш баржийна, нохчий Крснодар-махка ма бита, "суна сайн махкахь сайн къомаца яха лаьа", бохуш. Кхин а яздина, нохчий "вон ца беха нехан рицкъанна тIехь", аьлла.

Кавказ.Реалиин редакцино комментари еха дагахь телефон туьйхира Краснодарерчу медицинан университете. Ректоран Алексеенко Сергейн секретара хаьттира, тхуна хIун хаа лаьа, бохура, ректор кхеташо дIахьош ву, цхьа сахьт хан яьлча юхатоха телефон. Амма цул тIаьхьа телефон кхин схьа ца ийцира – дIаяйъина яра иза.

Жоп ца делира, девна юкъаиэелла хьехархо болх беш юй хIинца а, аьлла, шайга динчу хаттарна университетерчу белхахойн профсоюзан векало а. Шайна магош дац белхахойх йолу информаци дIасаяржо, иштта хьехна юристаша, элира цо.

Ткъа университетех дерг аьлча, бац бина и тайпа сацамаш. Университетехь доьшурш кхиина бевлла нах бу. Цу тIе, университеташкахь теологин кафедраш ю, дин хьоьху. Цундела университет олийла дац динах дIакъастийна ю

Цхьана белхахочо жоп делира университетан цIарах – проректора, хирургин стоматологин а, юьхьан хирургин а кафедрин куьйгалхочо Гайворонская Татьянас. Юьйцу хьехархо-лор " 10 шо а ду университетехь цхьана а хьесапехь болх беш йоцу ", элира цо. Амма и дешнаш мел бакъ ду къастам бан Кавказ.Реалиин аьтто ца баьлла – Университетан сайто бац бовзуьйтуш хьехархой, цхьа куьйгалхой боцурш. Делахь а тхан бух бу Гайворонскаяс бакъдерг ца аьлла хилар чIагIдан.

Кавказ.Реалиин корреспондента хирургин стоматологин кафедрин куьйгалхочуьнца къамел динчул тIаьхьа цхьана факультетан студенташа деканате арз хьажийна. Деканан гIовса аьлла берашка: "Хьехархочуьнца дерг къастош ду карарчу хенахь". Ткъа студентех цхьамма хаийтира тхуна юьйцучу лоьро-хьехархочо студенташна практика луш хиларх лаьцна, дийцарехь, официалехь университетан штатера белхахо яц иза.

Реза ца хилира Кавказ.Реалиина комментари яла зуда болх беш йолчу шина поликлиникан векалех цхьа а. Жоп доцуш дитина тхо Краснодар-мехкан могашаллин министралло а.

Ша хьехархочо тергамза дитира Кавказ.Реалиино шега шен инстаграмме яздина хаттар, ткъа тIаьхьо дIакъевлира шен аккаунт, хийцира иза схьайиллинчун цIе. Делахь а йиллина лаьтташ ю лоьран-хьехархочун балхах лаьцна хаамаш бен агIо. Оцу агIоно бахарехь, 33 шо ду зуда стоматолог йолу, дукхахйолу комментареш ю иза хастош, амма ю цунна резайоцчу цхьана зудчун комментари а.

"Лоьранна тIеяханера со, иза хьоьхуш йолу лор хилча, шозза говза хила еза-кх, аьлла, хIан-хIа, мичара… Чуйоллушехь, кхечу лоьранна со тIехьажочу меттана (кхечу лоьро эххар а тIаьхьа дира суна дарба), суна довдан хIоьттира. Со дjш ала ца юьтуш, ас шен хан йойъу бохуш, мохь хьийкхира. Иштта лелар, иштта къамелдар оьзда дац", –яздина пациенто.

Нохчийчохь баржанза бу хиллачух болу хаам, тийна ду социалан машанийн нохчийн сегменташкахь.

Оьрсийчуьрчу бахархойн хьиджабаш лелочу бусалба зударшка болу хьажам бийцаребира Кавказ.Реалиица информацин-аналитикан "Сова" центрехь (Оьрсийчоьно арахьарчу агентийн могIара язйина ю «Сова», амма цхьаьнакхетаралла реза яц оцу статусна - ред) национализман а, ксенофобин а проблемаш толлучу куьйгалхочо Верховский Александра.

Нохчашка болу хьажам Кадыров Рамзанца бузу Оьрсийчохь, ткъа бахархошна ца еза Кадыровн политика

"МогIара ксенофоби" ю Краснодарерчу хьехархочо шегахь гойтург, элира цо. Пачхьалкхан аьтто баьлла шен куьйга кIел йолчу прессе и сакхт дитийта, амма могIарчу хьелашкахь, бахархошлахь лелаш ю ксенофоби, аьлла хета цунна.

"Иза [Краснодарера стоматолог] сакхте кхетам болуш елахь, эрна ду юхаерзо гIерта. Амма къовса деза цуьнца, кхиболчу нехан кхетам цIена буйла хаийтархьама. Шена хетарг юкъара ойла йоцийла, ша оцу кхетамца маргинал юйла хаийта деза цунна – сакхт шех доьллачу стагна оьшу и информаци а", - аьлла хета Верховскийна.

Цо бахарехь, хьехархо ю аьлла гIараяьллачу зудчун кхетамехь юкъара ю ксенофобица йозаелла ойланаш, "ца хилча, иза иштта ша дечу къамелах ларлур яра". Делахь а, Оьрсийчуьра бахархой гIеххьачул лараме бу кавказхошца, 5-6 шо хьалха леллачу хьолаца дуьстича, аьлла хета экспертана.

"Бусалба нах а, ислам а муха го бахархошна теллича, ислам ирча го царна, ткъа бусалбанаш лов. Гарехь, исламехь боцу нахах кхоьру исламах, дузу дин кхерамашца, масала терроран кхерамца", – боху "Сова" цхьаьнакхетараллин директора.

Нохчашка болу хьажам Кадыров Рамзанца бузу Оьрсийчохь, ткъа бахархошна ца еза Кадыровн политика. Кадыровс шена муьтIахь бу боху массо а нохчий, цундела уьш Оьрсийчуьрчу бахархошна Кадыровн агенташ болуш санна го, чIагIдо Верховскийс.

Цуьнца лакхарчу доьшийлашкахь хьиджабаш лелор а дийцаредира Кавказ.Реалиино. Оьрсийчохь дихкина дац хьиджаб йоха, делахь а школашкахь, доьшийлашкахь шайн-шайн бу цуьнца болу къастамаш а, бехкамаш а, элира эксперто.

Верховский Александр
Верховский Александр

"Оьрсийчохь дешар динах доьзна дац, амма я кортали а, я кочахь жIар а ма лелае ца боху низамаша. Школашкахь динан ламасташ ца леладо, дешарца доьзна-м муххале а. Дин хьеха ца деза дешархошна, амма довзийта деза дин. Аьлча а, хьехархо хила тарло молла я мозгIар, амма ца деза цо шена хетарг берашна чудилла, шега Iедало ма-бохху хьехархочун декхарш кхочушдичхьана волу иза. Вайна хууш ду цхьаццанхьа кортали лело доьхкуш меттигаш яьхкинийла. И дехкарш юхадахаделла дац цхьаьнга а. Школашна зудаберашка корталеш ца леладайта магийна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. Ткъа университетех дерг аьлча, бац бина и тайпа сацамаш. Университетехь доьшурш кхиина бевлла нах бу. Цу тIе, университеташкахь теологин кафедраш ю, дин хьоьху. Цундела университет олийла дац динах дIакъастийна ю. Цуьнга хьаьжжина, бац цигахь кортали тиллар я кхидолу динан ламасташ лелор доьхкуш тIеэцна сацамаш", - элира Верховскийс

Иза тешна ву ксенофоби яржош волчу хьехархочунна доьшийло таIзар дан деза бохучух.

Школашкахь хьиджаб лелор доьхкуш сацам тIеийцира Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело 2015-чу шарахь. Оцу хенера дуьйна схьа аьрзнаш до сацамна бусалбанийн цхьаьнакхетараллаша, амма ца баьккхина толам. Динца доьзна корта къовларал совнах, сов йоца мини-кучамаш лело а дихкира кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG