ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина куьг таIийна сий дойъу хаамаш баржор доьхкучу низамна тIе


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира тIе куьг таIийна нехан сий дойъу хаамаш кхелашка а ца довлуш дIабахарх а, и хаам баржийначу интернет-ресурсашна блок хIотторах а долчу низаманна, хаам бо Свобода Радионо.

Документца а догIуш, нийса йоцу я адаман сий дойъу информаци интернетера дIаяккха езаш ю 15 де-буьйса далале, стага прокуратуре латкъам бина а, оцу хьукмато иза листина а баьллачул тIаьхьа. Нагахь прокуратуро иза бух болуш а ларахь, ткъа сий дойъу информаци дIахIоттийначу ресурса иза дIа цаяккхахь, цунна блок хIотто мегаш ю. Иза дийра ду Роскомнадзора.

Билгалдоккхуш ду оцу низаман проектан авторш хилар Пачхьалкхан думан информацин политикехула йолчу комитетан куьйгалхочун хьалхара гIовс Боярский Сергей а, къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхо Газзаев Валерий а, регламентан Iуналла даран комитетан декъашхо Альшевских Андрей а. Хьалхара шиъ ву "Единая Россия" партин декъашхо, кхоалгIа ву парламентехь "Справедливая Россия" партин векал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG