Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена КIайн ЦIийнехь хIиттийначу белхахойх 6о процент бу зударий, ткъа тайп-тайпане расийн я этникан юкъарлонийн векалш бу 44 процент, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. И информаци ю хIора шарахь Конгрессе хьажочу белхахойх лаьцначу хаамехь.
КIайн ЦIийно дIахьедина, цIераш а, даржаш а, берриг политикан белхахойн алапаш а тIехь долчу документо гойту аьлла, Байденан администраци Американ исторехь уггар тайп-тайпане хилар. Иза догIуш ду президента-демократа ша Америках тера йолу администраци кхуллур ю аьлла дош даларца.
Докладехь билгалдоккхуш ду зударийн а, божарийн а алапашна юкъахь 1 процент а бен кхин башхалла цахилар: зударшна шарахь лучу алапан юккъера барам бу 93752 доллар, ткъа божарийн алапан юккъера барам бу шарахь 94639 доллар.
Лаккхара даржашкахь болчу белхахошна юкъахь ю КIайн ЦIийнан зорбан секретарь Псаки Джен а, Байденан администрацин аппаратан куьйгалхо волу Клейн Рон а. Цаьршимма хIораммо а шарахь оьцу алапа ду 180 эзар доллар.