ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса коронавирусах 47 стаг велла Къилбаседа Кавказехь


Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 47 пациент, цомгуш хилла кхин а 872.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 23 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 7, Дагестанехь - 5, ГIебарта-Балкхаройчохь а - кхоккха, Кхарачой-Чергазийчохь а, Нохчийчохь а - кхоккха, Адыгейхь - шиъ, ГIалмакхойчохь - цхьаъ.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 11 568 стаг.

Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь.

Краснодар-мохк + 209 (53 112 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 166 (58 163)
Дагестан + 168 (36 814)
ГIалмкхойчоь + 81 (22 092)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 48 (25 178)
Кхарачой-Чергазийчоь + 35 (21 065)
ГIалгIайчоь + 35 (16 365)
Адыгей + 33 (15 196)
Къилбаседа ХIирийчоь +28 (17 476)
Нохчийчоь + 69 (13 150)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 278 611 стаг.

Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 658 672*

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG