ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден: Kaseya компанина динчу кибертIелатаро кIеззиг зен дина Америкерчу бизнесна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Президента Джо Байден дIахьедина шинарин дийнахь, зен дон программех пайда а оьцуш, Kaseya технологин компанина динчу кибер-тIелатаро, гарехь, кIеззиг зен дина Америкерчу биpнесна аьлла. Цунах лаьцна яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.

"Гарехь, цо кIеззиг бен зен ца дина Америкерчу бизнесна, амма тхо хIинца а информаци лахьош ду", - аьлла Байдена журналисташка, шен хьехамчашца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.

ДIадаханчу пIераскана дийнахь динчу тIелатаро аьтто бира хакерийн интернетехь дерриг дуьнентIехь масийтта бIе жимачу компанийн информацина блок хIотто, шайна юкъахь Америкера компанеш а йолуш.

И кибер-тIелатар дар шена тIелаьцна Оьрсийчоьнца йозна йолчу кибер-зуламан REvil тобано.

Оцу тIелатаро юха а гайтина, киберзуламхой, хетарехь, Оьрсийчоьнан территорина тIехь болчу, вон лелаш бу Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. Путинца саммит дIахьуш Байдена хьехар дира Оьрсийчоьнан президентана, цIахь кхиийна хакерш совцабе аьлла, амма, гарехь, оцу дехаро цхьа а жамI ца деана, билгалдоккху "Американ аз" портало.

КIайн ЦIийнан векало Псаки Джена шинарин дийнахь дIахьедира, лаккхарчу даржашкахь болу президентан администрацин белхахой тIедогIучу кIиранах цхьаmнакхетар бу, шайн Оьрсийчуьрчу коллегашца, интернетехула нуьцкъала ахча даккха гIертаран кхерам бийцаре бан аьлла.

"Нагахь Оьрсийчоьнан Iедале зуламхошна дуьхьал хIумма а ца далахь, я дан ца лаахь, оха дийр ду дан дезарг, я тхайна тIеоьцур ду оьшу гIулчаш яхар", - элира Псакис.

Вашингтонерчу Оьрсийчоьнан векалалло а, Американ Къоман кхерамазаллин кхеташоно а цкъачунна билггал хаам ца бина, Американ а, Оьрсийчоьнан а официалан векалийн хир долчу цхьаьнакхетарх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG