ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маре ца яха едда хилла Дагестанера яхархо хеттарш дан тIекхайкхина талламхоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Гергарчара бертаза маре дIаяла хьийзича, едда Швеце дIаяхна 18 шо долу Дагестанера йоI республикан Буйнакскан кIоштарчу Талламан комитетан декъе тIекхайкхина. «Открытые медиа» гIирсо бина и хаам, "Правовая инициатива" (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина, амма "Правовая инициатива" реза ца хилла и статус тIеэца – Редакцин билгалдаккхар.)проектан адвокатна Гнездилова Ольгина тIетевжина.

Хаамийн гIирсо зорбане даьккхинчу кехата тIехь яздина ду, карарчу беттан 6-чохь суьйранна диъ сахьт долучу заманчохь К. хеттарш дан тIеян езаш яра аьлла. Документа тIехь цуьнан статус билгалъяьккхина яц, ца бина хаам стенца доьзна таллам беш бу а.

ЙоьIан кхерамзалла Iалашъярхьама цуьнан цIе йоккхуш яц зорбанашкахь. Дуьйцу, К. Швецехь ехаш хилар шен деца а, ненаца а шен исс шо кхаьчча дуьйна. Ю иза Швецин а, Оьрсийчоьнан а пачхьалкхийн яхархо.

Байначу беттан 23-чохь Дагестане еанера иза, шен ден-ненан лаамца, "дедена тIе а хIуттуш, гергарчийн ловзарга а йоьдуш". Амма ша цIа кхаьчча цунна хиинера, ша маре яла уьш дагахь хиларх. ХIара дуьхьал яьлча, цуьнгара кехаташ а, телефон а схьаяьккхинера, "сий лардеш" шаьш юьйр ю бохуш, кхерамаш а туьйсуш, хааме даьккхинера "Открытые медиа" гIирсо, "Правовая инициатива" проектан адвокатна Гнездилова Ольгина тIетевжина.

Швецерчу шен доттагIчуьнца зIене яла аьтто баьлла К-н, ткъа вукхо шведахойн полицига дIахаийтина хилла вукхо. Цул совнах, Дагестанерчу полицига а дIахьедина хиллера йоIа. Мангал-беттан 29-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн министралле дIайигинера иза, хеттарш дан. Цигахь буьйса яьккхинчул тIаьхьа, юха цIа а ца йогIуш, Москва дIа а яхана, цигара Швеци кхаьчна иза кеманца. К. "яйначул" тIаьхьа цуьнан гергарнаш полици бевллера хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG