ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах 48 дархо велла


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 48 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – 899.

Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 22 стаг, Ставропол-махкахь – ворхI, Дагестанехь – пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Нохчийчохь а, Адыгейхь а – кхоккха, ГIалмакхойчохь – цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах вахархо 11 616

Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Краснодаран кIоштахь, Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а уггар кIезиг бу.

Краснодаран кIошт + 210 (53 322 пандеми яьржичхьана)

Дагестан + 170 (36 984)

Ставропол-мохк + 169 (58 332)

ГIалмакхойчохь + 89 (22 181)

Нохчийчоь+ 73 (13 223)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 51 (25 229)

ГIалгIайчоь + 39 (16 404)

Кхарачой-Чергазийчоь + 38 (21 103)

Адыгей + 30 (15 226)

Къилбаседа-ХIирийчоь + 30 (17 506)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 279 510 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш, официалан хаамашца, 5 682 634 коронавирус кхетта нах.

*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG