ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хизб-ут Тахриран" 15 декъашхо лацарх хаам бина ФСБ-но


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къайлахчу сервисаша хаам бина Пензехь а, Уфахь а, Челябинскехь а 15 стаг лацарх, Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн "Хизб-ут Тахрир" тобан декъахь хилла ву аьллачу шеконашца. ФСБ-н сайта тIехь бина и хаам.

Хаамехь чIагIдо, Мангал-бутт бовш а, карарчу беттан юьххьехь а оцу гIаланашкахь "Хизб ут-Тахрир" тобан къайлах лела диъ гара хIаллакдина хиларх. ФСБ-н белхахой хьоьвсина лецначийн хIусамех, дIаяьхьна шайца техника а, зорба тоьхна материалаш а.

Къайлахчу сервисийн версица, лецначу Оьрсийчоьнан а, Юккъерчу Азин а бахархоша "Оьрсийчохь яржош хилла террорхойн идеологи", иштта, церан гонашка ийзош хилла дозанал а арахьарчу "Хизб ут-Тахриран" декъашхойн тIедилларца, бусулбанаш а, къинхьегаман мигранташ а.

"Хизб ут-Тахрир" – дуьненаюкъара исламистийн кхетамца болчийн политикан юкъаралла ю. Дуьненан дуккхаъчу мехкашкахь легалехь лелаш болам бу иза.

2003-чу шарахь Лакхарчу кхело террорхойн организаци ю аьлла, дIакхайкхийра "Хизб ут-Тахрир". ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа цигахь беха дуккхахболу боламан агIончаш леца болийра Оьрсийчоьнан Iедалша.

Украинехь а йихкина ю организаци. Бакъоларъяран "Мемориал центро ("Оьрсийчоьнан юстицин министралло арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал", - Редакцин билгалдаккхар.) политикан тутмакхаш лерира "Хизб ут-Тахриран" могIаршкахь хилла бу аьлла, 50сов бусулба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG