ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чимаев Хьамзат октагоне юхавогIу хан йовзийтина UFC-н президента


Чимаев Хьамзат
Чимаев Хьамзат

Швецехь веха нохчийн латархо Чимаев Хьамзат октагоне юхаван тарлу хан билгалъяьккхина UFC-н президента Уайт Дана.

"Хьамзатах дерг аьлча, ГIадужу-баттахь иза юхавогIур ву аьлла, сатуьйсуш ду тхо. Хьаьнцца а лата бакъо ю цуьнан. Цхьана хенахь Эдвардс Леонца лата декхаре вира оха иза. Амма, гуш ма-хиллара, социалан машанашкахь къийсамаш хиллачул тIаьхьа рогIера цуьнан оппонент хила тарло Магни Нил. Хьовсур ду вай кхин дIа а", - аьллачу UFC-н президентан дешнаш далийна "Чемпион" сайто.

Байначу беттан 3-чохь Чимаевн тренеро Майкл Андреаса йовзийтинера ша верасалла лелочун летаршна юкъаварах йолчу Iалашонех. Америкерчу Лас-Вегасехь Iамораш дIахьур ду Чимаевс, кху шарахь дуьхьарчу шен октагонехь хиндолчу латарна кечам беш.

Ша Америке дIавахале Чимаев Хьамзата инстаграмера ерриш а аьлча санна, посташ дIаехира, адамийн бакъонаш йохош хиларна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна бухахь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьана даьхна хилла суьрташ а цхьаьна. Амма масех де даьллачул тIаьхьа шен публикацеш юха а дIахIиттийра цо инстаграмехь.

UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс – 66 денна чохь туьйлира кхузза. Карарачу шеран юьхххьехь критика йира цунна, цо Нохчийчу а вахана, Кадыровца суьрташ а дохуш, цо совгIат йина Мерседес машен схьа а оьцуш хьийзарна. Спортхочо цул тIаьхьа дIахьедира, могуш вац ша, спорт юьтуш ву, аьлла. Амма Зазадоккху-беттан юьххьехь Кадыровс, Швеце кема а хьажийна, Нохчийчу дIавигира иза, даржийра, "Ахмат" клубехь кхидIа а яхлур ю Чимаевн карьера, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG