ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Феминизмех лаьцна дийцарш хир ду аьлла, анонс йинчул тIаьхьа кхерамаш тийсина гIалгIайн жигархошна


ГIалгIайчуьрчу зударийн бакъонех лаьцна дийцарш хир ду аьлла, анонс йинчул тIаьхьа социалан машанашкахь шайна тийсинчу кхерамийн хьокъехь гIалгIайн Argue дискуссин клубан жигархоша кечдеш дIахьедар ду Оьрсийчоьнан Талламан комитете.

"Шаьш дойъур ду бохуш, иттаннашкахь бу тийсина кхерамаш", - дийцина Кавказ.Реалиига "Правовая инициатива" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн могIаре яьккхина, организаци реза яц цунна.-Редакцин билгалдаккхар.) проектан юристо Гнездилова Ольгас.

"Нохчийчоьнан тоьла" ("Подвал Чечни") цIе йолчу телеграм-каналан агIонехь дIахIиттийна тийсина кхерамаш. Жигархойн машанера лехьийна суьрташ а, цIераш а Iораяьхна циггахь. Талламан комитетна тIедожийна, шаьш дойъур ду бохуш, кхерамаш мел тийсинарш а, клубан белхахошна тIаьхьабевлларш а жоьпе ийзабе аьлла, билгалдаьккхина Гнездиловас.

"Тхан барам юкъахбаккхарна бехкеберш, а тхуна кхерамаш тийсинарш а жоьпалле хIиттабе бохуш, тIера ца довлу тхо. Кхузахь дехаш ду тхо, гIали юккъехула дIаса а лела, тхо массарна а девзаш ду. Ткъа суьрташ тхан даржа а деш, хьашт мел доцург яздо", - дийцина Кавказ.Реалиига барам вовшахтоьхначех цхьаммо.

Бевзаш боцчу нахера кхерам хилла ца Iа шайна боху кхечу жигархочо: "Тхан юкъараллехь зуда экамечу хьолехь ю. Нагахь санна, цунах лаьцна цхьаъ олий, гаранти яц, цуьнан вежарша иза хIуммаъ ца деш юьтур ю аьлла. Цуьнан цIе ЛГБТ-на уллохь язйина ю аьлла хазадахь а, тоьаш ду. Тхан зударий байъина доцург кхоьллича а, цхьаммо иза нахаца лелаш ю аьлла, доладахь, и бакъ ду я дац къеста а ца деш бойъу".

ГIалгIайн кегийрхойн Argue тобано Несарахь феминизмех лаьцна дийца цхьанакхетар дIадахьа леринера Мангал-беттан 26-чу дийнахь. Кхерамаш тийсарна юкъахбелира барам. Клубан куьйгалло дийцарехь, дискуссин тема цара къастийна яцара, клубан декъашхойн лаам бара и.

Эххар а церан къамел хилира машанан форматехь. Чулацамера дIадайира "феминизм" дош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG