ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо юй Интерполан? Нохчий а, Европера экстрадицеш а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Бельгин Iедало Оьрсийчоьне дIавелла шен лаьтта тIехь дуккха а шерашкахь ваьхна нохчийн мухIажар Оздамиров Iела. Иштаниг кест-кеста нисло тховкIело лоьхуш кхечу пачхьалкхашка дIасабахначу Къилбаседа Кавказера схьабевллачу нахаца. Уьш леха тIаьхьаюьйлучу Интерполна шен регламенто магош а доцург ду мухIажарш лецар. Дуьненаюкъарчу полицин тергамна кIел нисвеллачу мухIажаро хIун дан деза ша цо леха волийча?

Мангал-беттан 29-чохь араваьккхира Оздамиров Бельгера. Оццу дийнахь цуьнца Оьрсийчу дIайигира Воронежехь яьхна Холодкова Екатерина а. Зуда бехкейо низам а дохош магийна йоцу ловзарийн аппараташ хIитторна, ткъа Оздамировс 25 шо хьалха талор дина боху.

Талламан версица, 1996-чу шеран Охан-беттан 26-чохь, Оздамиров коьртехь а волуш, Нохчийчуьрчу Куьрчалан кIоштарчу Гелдаганахь юьртарчу школина тIелетта тоба. Директоран кабинетера – оцу чохь директорца цхьаьна нисвелла кхин а 7 школин белхахо – 40,6 миллион сом даьхьина хьалхалерчу ахчанца (40,6 эзар сом). И ахча дIадала дуьхьалваьлла хилла директор вийна, школин цхьа белхахо лазийна, боху Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран документаша.

Бельгин Iедало Оздамиров лаьцна латтийра масийтта баттахь, дуккхаза а листира гIуллакх, амма адвокато дуьхьалояр бахьана долуш, дIаваланза вара Оьрсийчоьне.

Шаьш Интерполо леха болийна хилар ларамза гучудолу дукхахболчу Нохчийчуьра схьабевллачу нахана – даима а санна, иза нисло мухIажаран кехаташ карладаха уьш арабевлча. Иштта нисделира, масала, Туркойчохь СулеймановгIеран доьзалца.

2004-чу шарахь лецира полицино Ризван цIе йолу воI, 2015-чу шарахь, кехаташ хийца яхча, лецира 60 шо долу нана Арубика, 2019-чу шарахь – доьзалан да Хьасан. Туркойн Iедало дIахийцира уьш, амма иштаниг нисдала сахьт дац муьлххачу а нохчийн мухIажарца. Дуьненаюкъарчу институтех пайда а оьцуш, нах лоьцуьйтург ю Оьрсийчоь.

Нисло Оьрсийчоьно лаца кхайкхина нохчо Интерполо мукъавуьтуш а. 2020-чу шарахь бакъоларъяран "Вайфонд" цхьаьнакхетаралло кхехьийтинчу хеттаршна Интерполо деллачу жоьпаша гойту иза. Масала, Украинера нохчийн мухIажар Бакаев Iела бехкевора цо Нохчийчохь зулам дарна – иза махкара дIавахначу хенаца догIура дина бохург. Интерполо 2019-чу шарахь хаийтира ша иза лехамера дIаваьккхинийла. Амма Бакаев лецира Украине кхоччушехь, изоляторехь кхебира масех баттахь.

Оьрсийчоьно экстрадици йоьхуш айдинчу гIуллакхех дукхахдерш тIе а ца оьцу, Оздамиров санна дIабелла нах дукха бац

Маса нохчо ву Интерполан тептарахь – иза къайле ю. Аэропорташкахь а, документаш хуьйцучу хенахь а, Малхбузехь мухIажаралла деха тIевбахначохь лецнарш а ца хаало массарна а тIекхочийла долчу Интерполан сайта тIерачу тептарахь.

Оцу агIор муха болх бан беза Интерполан структурашца Кавказ.Реалиига дийцира бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин куьйгалхочо Мадаев Юнадис.

– МухIажар Интерполо лоьхуш вуйла хиича, хIун гIулчаш яха еза?

– Интерполца аттахо хуьлу мухIажарна депортаци ярх дерг листа. ГIуллакх харцонца листа тарлуш йолчу депортацин кхеле кхачаре а ца хьежош, Интерполца къастор тоьлу. Ала деза, Оьрсийчоьно экстрадици йоьхуш айдинчу гIуллакхех дукхахдерш тIе а ца оьцу, Оздамиров санна дIабелла нах дукха бац.

Депортацех кIелхьарвала къастабелла некъаш билгалбевлла алалур дац, халахеташ делахь а, дукхахболу мухIажараш бац Интерполо диллина гойтучу цуьнан Diffusion тептарахь. Стагна ша лаьцча бен хаа таро яц Оьрсийчоьно ша дуьненаюкъарчу лехаме веллийла.

Экстрадици ен болх болийначул тIаьхьа Интерполан карахь дац и болх сацо, гIуллакх дерриг а мухIажар махкахваккха кечлучу пачхьалкхан карадоьрзу.

Экстрадици ян ца мега мухIажаран статус йолчунна

Ша Интерполан базехь вуйла хиича, амма лацанза, маьрша лелаш волчу стага сихонца корматалла йоллу адвокат лаца веза, цуьнан гIоьнца кхето еза Интерпол ша бехк а боцуш лаца кхайкхийна хиларх, хуьлда иза политикаца я динца доьзна (нагахь санна бух иштта белахь).

– Оцу дуьненаюкъарчу организацица къамел деш стенна тIеберзо беза коьрта тидам?

– Дукхаболу тидам тIехьажо беза мухIажаран агIоно, адвоката мел нийса хIоттийна цуьнгахьа йолу позици къасторна. Говзалла шеца йоцчу, гIуллакхан буьззина бала боцчу адвоката болх нийса цабар бахьана долуш нисло дукха хьолехь тховкIело цаялар. Адвокаташ даима ца бо болх мухIажарехьа, бо цунна дуьхьал.

– Оьрсийчохь хьенан ю стаг дуьненехула леха чувала, дIавеха бакъо?

– Iедалехь волчу муьлххачу а хьакаман ю Интерполехула стаг дIавеха бакъо. Интерполо магадо ишта, иза цуьнан ледарло ю. Тхуна хетарехь, евзаш йолчу бакъоларъяран организацеша тидамеэца дезаш хIума ду иза, стаг дIавехарх йолу шен регламент талхош хилар дIагайта деза цара Интерполна.

– Политикан тховкIело шена елла волу стаг пачхьалкхера араваккха бакъо юй?

– Экстрадици ян ца мега мухIажаран статус йолчунна, делахь а оха хьоьху Интерполо лоьхуш волчунна шеца долчун цхьалхе яккхар. Адвокат оьшуш а вац оцу балханна. Яздан деза Интерполе, стаг базера дIаваккха, аьлла, цуьнан регламенто мухIажарна тIеIаткъам бан магош дац, аьлла.

Тхуна гарехь, Интерполца юкъарло латто деза, Москварчу Интерполан декъехула кхайкхош болу лехам алссам тергоне эца а, литта а беза, иза дIахаийта деза оцу хьукматна. Тахана сов атта ду стаг къаьсттина Интерполан Diffusion декъе а язвина, лехамашка вала. Ткъа ша Интерполан урхалло толлуш а дац, Оьрсийчоьно стенна велла стаг лехаме, оцу гIулчаша Интерполан регламент дохош доллушехь.

***

Таханенна Нохчийчуьра схьабевлла нах уггаре дукха дIахьийсориг ю Бельгина уллера Франци. Кхушара махкахваьккхина цо масех нохчийн мухIажар. 2020-чу шарахь хьехархо Самюэль Пати вийча пачхьалкхехь юкъаяьккхина луьра режим ю бехке, эксперташна хетарехь.

Даймахкахь зулам дина аьлла, Оьрсийчоьно лаца кхайкхийначу стагах Европера пачхьалкхаш сихха мукъайовлуш хилар гойту дукха хан йоццуш нохчочунна Гадаев Мохьмадна дерриг дуьне а кхардош йинчу экстрадицино. Зазадоккху-баттахь Францин кхело депорт яр дихкина (адвокато тешийра кхел цунна цIахь кхераме дуйла) ши кIира а далале кхачийра иза Москварчу Шереметьево аэропорте. Депортацин набахтехь, протест кхайкхош, шен пхенаш хедоро а ца гайтира Францина Гадаевна тIехь даймахкахь дендерг. Мангал-беттан юьххьехь Нохчийчоьно 1,5 шарна набахте хьажийна иза.

Коммерцех йоцчу Америкерчу Freedom House юкъаралло арахецначу хаамца, Оьрсийчоьно цахеддаш гIело латтайо махкахбевллачу шен бахархошна тIехь, царна маьрша дош ала доьхкуш, уьш цIехьаберзо гIерташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG