ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан урхалле ша къобалвеш комментареш язйинчул тIаьхьа аккаунт дIаяьккхина кандидата


Соьлжа-ГIалин мэр лаьттина Хаджимурадов Iийса (юккъерниг)
Соьлжа-ГIалин мэр лаьттина Хаджимурадов Iийса (юккъерниг)

Мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца шен кехаташ чуделлачу Нохчийчоьнан урхалхочун администрацин куьйгалхочун гIовса Хаджимурадов Iийсас инстаграмера шен аккаунт дIаяьккхина. Оппозицин IАДАТ телеграм-каналан тергамца, хьаькамо шен аккаунт къайлаяьккхина иза къобалвеш дуккхаъчу нохчийн пабликашка язбеллачара комментареш язйинчул тIаьхьа. Ресурсо шен агIонехь зорбане яьхна Хаджимурадовгахьа болучара язйинчу комментарийн скриншоташ.

Цкъачунна Соьлжа-ГIалахь цхьана а кепара дош аьлла дац нисделлачух лаьцна.

Гезгамашин-баттахь хинболчу харжамашкахь дакъалаца кехаташ чуделла карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу Кадыров Рамзана а, махкарчу парламентан депутато, КПРФ партин цIарах лелачу Накаев Халида а, Нохчийчоьнан урхалхочун администрацин куьйгалхочун гIовса Хаджимурадов Iийсас а ("Справедливая Россия - патриоты за правду" партино хьалхатеттина волу).

2021-чу шеран гурахь хила беза Къилбаседа Кавказерчу беа махкахь куьйгалхойн харжамаш – юхахаржа тарлуш ву Нохчийчохь – Кадыров, Кхарачой-Чергазийчохь – Термезов, керла, ханна хIиттийна куьйгалхой Дагестанехь а (Меликов), Къилбаседа ХIирийчохь а (Меняйло).

"Нагахь санна ур-атталла масех процент бахархой а сан кандидатурина дуьхьал хилахь, со харжамашка ваха дагахь вац", - хаам бира Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 19-хь "ВКонтакте" социалан машанехь.

2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Соьлжа-ГIалин мэр лаьттира Хаджимурадов Iийса. Кху шеран Зазадокху-баттахь цуьнан метта Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешичин кIант, 30 шо долу Кадыров Хас-Мохьмад хIоттийра. Хьалха иза вара республикан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацин куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG