ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Проект": харжамаш герга кхочуш Iедалхоша лахдийр ду вон хаамаш зорбане бахар


Пачхьалкхан думан харжамаш герга кхочуш вон хаамаш зорбане бахар лахдан сацам хилла Оьрсийчоьнан Iедалхойн. "Проекто" бина и хаам, министрийн кабинетна герга йолчу хьоасташна тIетевжина.

Пачхьалкхехь хуьлучух маса яржон еза информаци, белхазаллин статистикех а, инфляцех а, алапаш хьедарх а болу хаамаш зорбане бохур бу кIиранах цкъа.

Проектан зерашца, доккхачу декъанна публикацеш арахоьцур ю кхаарин деношкахь суьйранна ворхI сахьт долучу хенахь.
Къаьсттина экаме йолу информаци, масала, COVID-19 вирусах лечу нехан статистика баттахь цкъа, пIераскан дийнахь зорбане йоккхур ю. Iедалхошна хетарехь, мукъа денош герга кхочучу заманчохь бахархоша баш тергал ца бо керла хаамаш.

"Проеткан" хьосташа хаамбарца, статистика кIиранах цкъа зорбане йиллар тайна Кремлан а, министрийн кабинетийн медиаполитикан шина коьртачу кураторна - президентан администрацин урхалхочун хьалхарчу гIовсана Громов Алексейна а, министрийн кабинетан аппаратан куьйгалхочун когаметта волчу Левин Леонидна а.

Оцу кепара барамаш ца тов Росстатна.

Харжамаш тIекхочучу юкъанна негативе информацин терахь лахдар официалехь тIечIагIдан тарло, "Проектна" хетарехь.

Дуьненаюкъарчу экономикан форумна кечлучу юкъанна хьалхо Санкт-Петербургерчу Iедалхоша лахдира коронавирусан уьнах цомгашхуьлучийн статистика ма-ярра йовзийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG