ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден: ОвхIанистанехь Американ тIеман мисси йоьрзур ю Марсхьокху-беттан 31-чохь


Джо Байден
Джо Байден

ОвхIанистанехь Американ тIеман мисси йоьрзур ю Марсхьокху-беттан 31-чохь, дIахьедина Байдена. Еарин дийначхь вистхуьлуш КIайчу цIийнан хьалханчас Джо Байдена билгалдаьккхина, шайн хенахь америкхой ОвхIанистанан пачхьалкхалла чIагIдан Iалашонца чубахна бацара аьлла.

"ОвхIанхойн лидерш цхьанакхета беза хIинца, шайн кханене цхьана дIагIорта", - аьлла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто.

ОвхIанистанера боллу Американ тIемалой кху шарахь Гезгамашин-беттан 11-чу дийне кхачале, Нью-Йоркехь а, Вашингтонехь а теракташ дина 20 шо кхочучу ханна арабаха дагахь ву ша аьлла, дIахьедира Байдена

И тIелетарш динчул тIаьхьа америкхоша йолийра ОвхIанистанехь "Талибан" (Оьрсийчохь йихкина ю) боламна а, террорхойн "Аль-Къаида" тобанна а дуьхьал операци.

Эскарш арадахар дукха дах ца дан ша бина сацам нийса хета Байденна.

"Сихалла - кхерамзалла ю", - билгалдаьккхина цо дахначу еарин дийнахь.

Iедалхойн ницкъашна ОвхIанистанехь тIалибаш тIелеттачу юкъанна дина Байдена оцу кепара дIахьедар. ОвхIанхойн тIемалойн доккхахдолу дакъа Таджикистане юхадаьлла. Исламистийн контролехь ду ОвхIанистанан Къилбаседанера шуьйра дозанаш.

Американ эскаршца цхьана болх бинчу овхIанхошна а, церан доьзалшна а кхерамзалла латтор ю аьлла, дош делла Джо Байдена еарин дийнахь.

"Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь шуна лерина хIусам ю", - аьлла Американ администрацин куьйгалхочо, леррина визаш кхаьчнараш карарчу баттахь Вашингтоно арабохур бу аьлла, билгалдоккхуш.

Цхьаболчу овхIанхошна, Байдена бахарехь, гIо дийр ду кхозлагIчу пачхьалкхашка дехьабовла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG