Федералан пурстоьпийн сервисан белхахо велла ша шена тоьхна Москван малхбузерчу Хорошёвскин кIоштан кхелехь, цIе йоккхуш яц. Коьртах герз кхетта чов а йолуш, цуьнан дакъа карийна суьдан хIусаман туалетехь, хаам бо Свобода Радионо Mash зорбан гIирсана тIе а тевжаш.
Mash дийцарехь, 26 шо долу пурстоп гIуллакх деш хилла 3 шарахь, тIаьхьалонна латточу белхахойн статусе ваьккха сацам бина хилла цуьнан хьокъехь. Таллам болийна хилларг къасто.
Пурстоьпийн сервисо ларйон Оьрсийчоьнан кхелаш, цуьнан белхахойн бакъо ю суьдехь хила герзца. Уьш боцурш суьдан гIишлонна герзаца чубаха бкаъо йолуш бу суьдхой а, прокурораш а, ФСБ-н а, ФСО-н а (федералан гIаролхойн сервсис) белхахой а, ткъа иштта кехаташ дIасакхоьхьучу фельдъегерийн сервисан белхахой а.