ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 46 стаг


Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 46 пациент, цомгуш хилла кхин а 977.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 23 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 7, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а - виъ-виъ, Кхарачой-Чергазийчохь - кхоъ, Дагестанехь а, Адыгейхь а - шишша, ГIалмакхойчохь - цхьаъ велла.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 11 707 стаг.

Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь.

Краснодар-мохк + 2I4 (53 748 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + I87 (58 699)
Дагестан + I85 (37 352)
ГIалмкхойчоь + 95 (22 373)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 57 (25 338)
Кхарачой-Чергазийчоь + 44 (2I I88)
ГIалгIайчоь + 4I (I6 482)
Адыгей + 39 (I5 302)
Къилбаседа ХIирийчоь + 35 (I7 573)
Нохчийчоь + 80 (I3 376)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 281 431 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 733 218* .

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG