ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь йихкинчу "Талибанца" уьйраш хиллачу Лавров Сергейна арз дина ЦИК-е


Арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а, "Талибанан" Политофисан куьйгалхо Iаббаз Станакзай Шер Мохьаммад а
Арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а, "Талибанан" Политофисан куьйгалхо Iаббаз Станакзай Шер Мохьаммад а

"Яблоко" партин цIарах Пачхьалкхан думе харжамашка хьалхатеттинчу бакъоларъярхочо Литвинович Маринас харжамийн Комитете (ЦИК) арз хьажийна, "Единая Россия" партин тептар регистрацех чекх ма даккха аьлла, тIедожош. Бахьана лерина цо, Оьрсийчохь йихкинчу терроризман "Талибан" боламца дукхазза юкъарлонаш лелийначу арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей оцу федералан тептарехь хилар.
Ша бинчу латкъаман текст фейсбукерчу шен пена тIехь зорбане яьккхина депутато.

Документехь охьадагардина 2018-чу шарера схьа дуьйна дукхазза Лавровн тIалибийн векалшца хиллачу цхьанакхетарех

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело йихкина "Талибан" 2003-чу шарахь дуьйна, дагадоуьйту Литвиновича.

Единороссашна регистраци цаяр тIедожийна иза тIетевжина, Оьрсийчохь йихкинчу организацешца боьзначу нахана парламенте кхача доьхкучу низамна.

2021-чу шарахь оцу низаман чулацам кхин тIе а шога баьккхира, ткъа Москварчу думе гIертачу кандидатна Яшин Ильяна дуьхьало йира цуьнан кехаташ чуэца.

Харжамийн комиссеш реза яц Москварчу кхело экстремистийн леринчу Навальный Алексейн фондан хиллачу белхахошна регистраци ян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG