ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Одесса дIа ца луш Iийр юй? ГIалгIайн ницкъхо вер а, Белхароевн гIуллакх а


Белхароев Ильяс Одессерчу кхелехь, Мангал-бутт, 9-гIа де, 2021 шо
Белхароев Ильяс Одессерчу кхелехь, Мангал-бутт, 9-гIа де, 2021 шо

Украинехь политикан тховкIело лоьху 33 шо долу гIалгIа Белхароев Илес дIавоьху Оьрсийчоьно. Иза а, цуьнгахьа йолу бакъоларъяран "Правое дело" цхьаьнакхетаралла а тешна ю даймахкахь бехк цунна тIекхоьллина хиларх а, бухайиллина политика хиларх а: Оьрсийчоьнан Iедало БелхароевгIаьрца дузу 2019-чу шарахь ГIалгIайчуьрчу экстремизна дуьхьалоечу центран буьйранча Эльджаркиев ИбрахIим вер. ВорхI шо ду ша Илес Украинехь веха.

Интерполехула лохуш волу Белхароев лецира 2021-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь. Мангал-беттан 29-чохь Одессерчу кхело цIахь лаьцна кхобу кеп къастийра цунна. Карарчу хенахь Украинан Инарла прокуратура зуьйш ю цунна экстрадиция ян торуш ду я дац, ткъа ша Белхароевс дехна Украине шена тховкIело ялар, ша Iалашвар.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето Белхароев Илес бехкево террористийн тобанехь латтарна а, герзаш лелорна а. Талламчийн версица, цо ша декъахь волчу гIеранца цхьаьна, БатIал-Хьаьжин мурдийн тIеман тобан хьалханчас Полонкоев Хьасана аьлларг деш, 2019-чу шарахь "Глок" тапча а, цунна патармаш а нисдина, дIахьовсийна Оьрсийчу. 2019-чу шеран Лахьан-баттахь оцу тапчанца байъина, боху, ЭльджаркиевгIар – ИбрахIим а, цуьнана ваша, лор Ахьмад а.

Тоьшаллаш "элира-бохура" хьесапехь кечдина ду, низамехь дац талламчаш царна тIетийжар

Документ гина волчу бакъоларъяран "Правое дело" цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Михайлик.Олега дийцира Кавказ.Реалиига, беккъа и цхьа бехк бу Оьрсийчоьно Белхароевна тIебаьхьнарг, аьлла. Цо билгалдоккху, оцу хьокъехь "тоьшалла" динарг Махаури Iела цIе йолу цхьа стаг бен цахилар. Ткъа цунна Белхароев Илеса тапча эцна хилар хиина, боху талламо, Хидриев Iалихан цIе йолчу цхьана стагера. Талламчийн версица, Белхароевс а, цуьнца хьошаллехь волчу Толдыев Батыра а цIахьажийна тапча йиттина, ЭльджаркиевгIар байъина ГIалгIайчуьра схьаваьллачу Картоев Къурайша а, цуьнан накъосташа а. "Глок" а, патармаш а Туркойчу кхаьчна юьхьанца, цигара – Украине, Таиланде, тIаккха Москва кхачна, цул тIаьхьа - Картоевн кара, аьлла ду дина "тоьшалла".

"Тхан тIекхочийла хиллачу бехктакхаман гIуллакхан материалашка дехкина тоьшаллаш "элира-бохура" хьесапехь кечдина ду, низамехь дац талламчаш царна тIетийжар", – билгалдаьккхира Михайлика.

Доцу тоьшаллаш Оьрсийчохь Белхароевгара етташ, ницкъбеш дохур дуйла а хууш, адвокат а, бакъоларъярхой а Украине къастадайта гIерта бакъдерг. Герз эцар а, лелор а Украинехь нисделла бохуш хиларе терра, Белхароевн агIонан бакъо ю гIуллакх цигахь листийта. Карарчу хенахь Одессера Киев кIошан кхел ю меттигерчу талламан урхалло гIуллакх цаталлар стенца дозу, стенна ца толлу цо Белхароевс герзаш лелийна я ца лелийна аьлла хIоттаделла хаттар луьстуш.

Тоьшалла а доцуш дIавалар

"Бехктакхаман гIуллакхан материалаша бахарехь, Оьрсийчоьнан урхаллашна хаьа Белхароев волу меттиг. Амма хуъушехь, Украине иза дIа ца воьхуш, Интерполехула лаца кхайкхийна, Минскехь хIоттийначу конвенцица а догIуш, иза воллучу метте дехар хьажочу меттана", - билгалдоккху "Правое дело" цхьаьнакхетараллин Одессерчу векала Яковенко Валерийс бахарехь.

Украинехь Белхароев лечкъаш ца ваьхна, цигахь зуда а ялийна, хьалха хиллачо вина кIант а ву цуьнан Одессехь доьшуш, воI волчу кест-кеста йогIу ГIалгIайчуьра беран нана а.

НКВД-ра, КГБ-ра зеделларг шайга дIаэцна хьийзачу Оьрсийчуьрчу ницкъхоша дийр доцуш хIума дац

Интерполехула стаг лаца кхайкхош талламчашна ца оьшу цунна дуьхьал тоьшаллаш дало. Цундела, стаг бехке хилар дIагойтуш ца хьийза, шега иза далур доцундела велла Белхароев Интерполе, оцо гойту Оьрсийчоьнан Талламан комитет харц юйла, тешна ву Яковенко.

"20 эзар гергга мурд юкъахь волчу БатIал-Хьажин вирдера ву со. 1821–1914 шерашкахь ваьхначу сан цIийнан хьалханчаш кхоьллина вирд ду иза", – элира Кавказ.Реалиига ша Белхароев Илеса.

Ша 2012-гIа шо тIекхаччалц ГIалгIайчохь ваьхна, "Iедало диллина тхан вирд хьийзош кIорда а дина, дIавахана цигара", - боху Илеса.

"Сан гергарнаш даима баьхна, беха оццу кхерамна кIел, боцу бехкаш кхуьйлу тхуна тIе. Тхан нах хIаллакбар жигардаьккхина 2018-чу шарахь", - дуьйцу цо.

Оцу хьокъехь Белхароевс дагадоуьйту 2018-гIа шо доьрзуш шен шича Белхароев ИбрахIим вер. Ткъа прессо оцу хиламна дуьхьал, бекхамбеш вийча санна дузу ГIалгIайчоьнан "Э" центран буьйранча Эльджаркиев вер а, БатIал-Хьажин мурдаш леца болор а. Амма иза "ФСБ-но кхоьллина" верси ю, боху Белхароев Илеса.

МухIажаран некъ

"Нагахь санна Украинера экстрадици яхь [Белхароев Илесна], иза тешна а хьийзор ву, гIелойийр ю цунна Оьрсийчуьрчу ницкъхоша. Белхороев Илес бехке ву бохург йоккхачу шеконехь хиларна, цунна дуьхьалдаьхна тоьшаллаш вуно ледара гуш хиларна, талламчаш цунах БатIал-Хьажин вирдера террорист ван гIоьртар бу. НКВД-ра, КГБ-ра зеделларг шайга дIаэцна хьийзачу Оьрсийчуьрчу ницкъхоша дийр доцуш хIума дац", – аьлла хета "Правое дело" цхьанакхетараллан лидерна Михайлик Олегна.

Масал далош, цо дагалоьцу 2018-чу шарахь Украино Оьрсийчоьне дIавеллачу Тумгоев Тимурца нисделларг. Террорхо ву аьлла, 18 шарна набахте хьажийна иза Оьрсийчохь. Гергарчара а, бакъоларъярхоша а леткъамаш бо, цунна етта, гIело йо, бохуш.

Оьрсийчуьра болчу наханна вуно хала ло Украинехь тховкIело. Оьрсийчоьнан, агрессоран, лаамаш кхобуш бо, цо ГIирмина аннекси йиннашехь, Донбассехь гIурт баржийннашехь, цецвуьйлу Чковенко Валерий. ТховкIело еха вахначо чуелла информаци полицин кара а лой, стаг лоцуьйту миграцин урхалло – иза йоккха харцо ю, элира Кавказ.Реалиига бакъоларъярхочо.

Украинан президента Зеленский Владимира 2019-чу шеран Гезгмашин-баттахь омра арахецна политика бахьанехь Оьрсийчоьно хьийзочу мухIажаршна Украинан паспорташ далар аттачу доккхуш, уьш Iалашбеш. Амма и документ доцург до Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло арахецначу бакъонаша, боху Одессерчу бакъоларъярхоша.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин комиссариато къастам бан тарло

Ша хIуманна а бехке вац аьлла хеташ волчу Белхароев Илесна лаьа Оьрсийчуьрчу талламчаша шена тIебаьхьна бехк Украине массо а агIор таллийта. Одессера Iедалхой беке лору цо иза цадарна.

"Нагахь санна Украинерчу урхаллашна Белхароев Илесца бехк ца карабахь, Минскехь тIеэцначу конвенцин 57-чу декъаца а догIуш, уьш декхаре ю Оьрсийчоьно тIебаьхьна бехк юхататта а, мухIажарна тховкIело яла а", - элира Михайлик Олега.

"Правое дело" цхьаьнакхетаралло Белхароевца доьзна нийсо ян гIодар доьхуш кехат хьажийна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин мухIажарашкахула йолчу лакхарчу комиссариатан Украинерчу векале Биллинг Линдхольме, Iа цуьнгара жоп лардеш.

"Правое дело" цхьаьнакхетаралло шен хенахь тергамехь латтийра Одессехь луьстуш хилла нохчочун Осмаев Адаман дов. Иза бехкевора 2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан премьер-министр Путин Владимир вен кечамбеш хилла бохуш. Цхьаьнакхетаралло къахьийгира Осмаевна политикан мухIажиран статус йоккхуш а. Тахана Осмаевн бакъо ю официалехь Украинехь ваха, йиш ю оцу пачхьалкхан паспорт деха а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG