ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризм къобалъярна таIзар дина Нохчийчуьрчу вахархочунна


Handcuffs hanging on bars
Handcuffs hanging on bars

Ростов гIаларчу тIеман кхело бехке вина ТIехьа-Мартанара Цечоев Рохьман терроризм бакъйина аьлла, амма гIуданах хьалхаваьккхина. Цечоевна бехке диллинера, социалан машанашкахь террорхойн дикачу агIор мах хадош роликаш зорбане яхар.

Талламан а, кхелан а версица, 2018-чу шарахь Цечоевс "Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь а волуш, массарна а гучу социалан майданахь йиъ видеофайл а, йозанца цхьа пост а хIоттийина" хилла исламхойн тIемалоша, "ишта "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан байракха бухахь а цхьана" бечу тIеман дикачу агIор мах хадош. "Кавказский узел" агенталле бина и хаам Къилбан гонашкарчу тIеман кхелан пресс-гIуллакххоша.

Бехке хIоттийначу Цечоев Рохьманах 45 эзар сом гIуда а хьарчийра, амма гIуллакх кхелахоша листталц иза чохь латтийна хиларна, кхело таIзарх а воккхуш, цIера дIасавалар а дихкина, маьрша витина иза.

Кхелахойн гIишлочуьра маьршаваьккхира иза лаьцначуьра аьлла, билгалдаьккхина пресс-гIуллакххоша.

Ростов гIаларчу Къилбан тIеман кхело колонехь даккха 25 шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу вахархочунна Тосуев Махьарбина. 2002-чу шарахь милцойн машенна тIелатар дина аьлла, бехкевина иза.

Талламчийн версица, 1999-чу шеран юьххьехь Нохчийчохь гIаттамхойх дIакхетта Тосуев герз тохар, лелор карадерзош Iаморашкахь а хилла, яздира "Дон 24" гIирсо, тIеман кхелана тIетевжина.

Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, полисхоша тIемалой бара бохуш, дIакхийкхочу наха кхелашкахь дIахьедеш хиларх, тIехь ницкъбина, бехкаш шайга тIелецийтарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG