ГIалгIайчуьрчу Плиево эвлара ши вахархо Горчханов Микаил а, Плиев Анзор а лачкъийна вигина аьлла, дIахьедина церан гергарчара. 26 шо долу Горчханов а, 29 шо долу Плиев а лачкъийна пIераскан Iуьйранна, уьш бигина меттиг хоуьйтуш яц.
Микроавтобус а, "Нива" машен а яра и шиъ вига еанарг, оцу машенашкахь эвлайисте дIабигира уьш аьлла, хаамбина шен Фейсбукерчу агIонехь "ФортангаORG" ресурсо, церан гергарчашна тIетевжина.
YouTube-хь зорбане яьккхинчу видеокамераша дIаязъйинчуьнца гуш ду, тIаьхьий-хьалхий некъатIехула дIайоьлху КАМАЗ, УАЗ, Нива, кIайн микроавтбус машенаш.
Канцелярин гIирс бухкуш вара Горчханов, ткъа Плиев дечка пхьар хилла. Шиннан а гергарчара дийцарехь, низамашна тIехваьлла хIуммаъ лелош вацара и шиъ, амма, лоцучу заманчохь Горчхановна герз тесна хила тарло, дIахьедина гергарчара.
ГIалгIайчуьра бахархой лечкъийна бигарх, уьш лецарх лаьцна цхьана а кепара информаци яц зорбане яьккхина Талламан комитетан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, прокуратуран а сайташкахь.