ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах 48 дархо велла, цомгаш хилла кхин а 1004


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 48 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – 1 004.

Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 22 стаг, Ставропол-махкахь – ворхI, Дагестанехь – ворхI-ворхI, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а - кхоккха, Кхарачой-Чергазийчохь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а - цхьацца.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах вахархо 11 755 стаг.

Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Краснодаран кIоштахь, ХIирийчохь бу уггар кIезиг.

Краснодаран кIошт + 196 (58 895 пандеми яьржичхьана)
Дагестан + 185 (37 537)
Ставропол-мохк + 196 (58 895)
ГIалмакхойчохь + 94 (22 467)
Нохчийчоь + 86 (13 462)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 60 (25 397)
ГIалгIайчоь + 43 (16 525)
Кхарачой-Чергазийчоь + 45 (21 233)
Адыгей + 41 (15 343)
Къилбаседа ХIирийчоь - + 37 (17 610)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 282 435 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 10-чохь, официалан хаамашца, 5 758 300* коронавирус кхетта нах.

*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG