ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема ваха накъостана ахча деллачу Нохчийчуьрчу шина вахархочунна таIзар дина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростов-ГIалин кхело набахтехь даккха 5,5 шо хан тоьхна Болотханов Анварна, шена вевзачу накъостана Шема ваха ахча даларна. Шен карти тIера цунна ахча дехьадаккхитинчу Эльдаров Камильна пхи шо кхайкхийна. Шаьшиъ бехке хиларх мукIарло дина шиммо а, яздо "Кавказский узел" хаамийн хьостано.

Гуьмсан кIоштарчу БорагIанера 32 шо долу Болотханов Анвар бехкевина, террорхошна гIо латторна, ткъа Эльдаров Камиль – терроризмна гIо лоцуш накъосталла дарна.

20I5-чу шарахь Эльдаровс деллачу банкан картех пайда а оьцуш, Болотхановс "цхьана стагана" 20 эзар сом дехьадаьккхина хилла, Шемарчу даIишхойх дIакхета Iалашонца новкъа вала.

"Кавказский узел" хаамийн гIирсан корреспонденте бина и хаам Къилбан гонашкарчу тIеман кхелан пресс-гIуллакххоша.

Маршо Радионо яздира, карарчу беттан 21-чохь Шемахь йолу Кхарачой-Чергазийчуьра 30 шо долу яхархо шеконе эцарх, террорхойн тобанехь хилла ю аьлла. Бехкзуламан гIуллакх айдиа цунна дуьхьал, хаам бира махкарчу талламан комитетан урхаллан декъо.

Талламчийн версица, 2016-чу шарахь Марсхьокху-беттан 12-чохь Туркойчу дIаяхна шеконейиллинарг, цигара дIа Шема кхаьчна иза. Раккъерчу лазартнехь лоьран болх беш хилла цо, оцу юкъанна "экстремистийн идеологина реза а йолуш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG