ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасавюртарчу базарара йохкархой вакцинаци яйтарна дуьхьал бевлла


Вакцинаци ярх сертификат карахь цахиларна балха ца битинчу "Терек" базарахь йохка-эцар лелочу наха ша-шаха гIаттийна митинг дIаяьхьна Хасавюртахь. "Хаттийша Расуле" ("Спросите у Расула") цIе лелочу телеграм-канало хаам барца, прививкаш яйтинарш бен ца хилла мах бан чубуьтуш. Оцу тIехула дог даьттIа хьийзина, шайлахь дуккха а мехий деттаза берш. Каналан зерашца, базар дIакъевлина хилла ханна, амма тIаьхьо юха а схьайиллинера иза, вакцинацех чекхбовла кхо де хан а луш.

Республикерчу Роспотребнадзоран белхахоша дийцина Кавказ.Реалиига, лоьраш а, хьехархой а санна, прививкаш яйта декхарийлахь хиларх йохкархой а. Амма, церан урхалло, пресс-гIуллакххоша бахарехь, Хасавюртарчу базарашкахь рейдаш ца йина, талламаш ца бина вакцина тоьхна сертификат йолу нах зуьйш.

Хасавюртан администрацино шайгахьара дIахьедина инстаграмерчу шайн агIонехь, Роспотребнадзоро полицица цхьаьна оцу базарахь теллина хилар вакцинаци яйтиний хьовсуш.

"Хьалхара вакцина тохийтина, я цхьана компонентехь ерг тоьхна хила безаш бара уьш кху беттан 9-чу дийне кхачале, ткъа шолгIаниг тоха езаш яра Марсхьокху-бетта 30-гIа де тIекхачале. Базарашкахь белхаш бечаьрга масийттазза дIахьедина а дара цунах лаьцна", - яздина ду администрацин сайтехь.

Дагестанехь 8 процент бахархошна бен яц вакцинаци йина, Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а лахара гайтам бу иза. Зазадокху-баттахь дуьйна ю республика вакцинацин рейтингехь тIаьххьарчу могIарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG