ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Телехьожийлашкахь а, Iедалехь а зударшна болх бан магийна тIалибаша


"Талибан" боламо (Оьрсийчохь террорхойн организаци лерина) бакъо елла зударшна телехьожийлехь программаш дIаяхьа а, Афганистанан Iедалехь болх бан а. Iарбойн хаамийн гIирсаша даржийна цунах лаьцна, тIалибашна тIетевжина.

TOLOnews телеканалан информацица, карарчу беттан 17-чохь дуьйна эфираш дIаяхьар кхин дIа долийна зударша. Де хьалха тIалибаша дIалаьцнера телехьожийлан редакци.

Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.

ХIетахь бакъо яцара зудаберийн деша, зударийн болх бан а, борша стаг уллохь воцуш дIасаяха а, нахана юкъахь юьхь яста а, пудар-басар хьакха а. ХIинца тIалибаша дIахьедо, зударшка доьшуьйтур а ду, белхаш бойтур бу, маьршша шаьш дIаса а лоьлуьйтур бу бохуш. Делахь а, лелон езар ю бурка – юьхь дIакъовлу бусулбачийн духар ду иза.

Марсхьокху-баттахь динчу тIелатарехь "Талибано" дIалецначу кIошташкахь зударий а, бакъоларъярхой а, журналисташ а байъарх хаам бора ООН-о.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG