ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аннекси йинчу ГIирмехь лаьцна 40 сов гIирмин гIезало


Джелял Нариман , гIирмин гIезалой маьршабахаран боламан жигархо (архивера сурт)

Симферополе, аннекси йинчу ГIирмехь Гезгмашин-беттан 4-хь лаьцна 40 сов гIирмин гIезало. Цуьнах лаьцна яздо Радио Свободано. Царна юкъахь бу "Грани.ру" интернет-зорбан гIирсан а, "ГIирмин дакъа кхачар" (Крымская солидарность) порталан а корреспонденташ Кадыров Айдер а, Абдурашитов Нури а.

Дуккха а нах ФСБ-н гIишлонна хьалха баьхкинера хьалхо Симфропольна гена йоццуш йолчу Перевальное эвлана гергахь газан биргIа талхийна аьлла лаьцна волчу пхеа стеган кхоллам къасто.

ФСБ-н гIишлонна хаьлха лаьттарш реза ца хилла дIасабовла, карантинан дехкарш лардан деза аьлла, полицино шаьш варе бича. Акцин декъашхой дIасахилла вовшашна юкъахь цхьацца метр ах-ах метр а юьтуш, амма оцу гIуллукхо новкъарло ца йина полисхошна нах дIалецар долош.

Бевзаш боцчу наха Перевальное эвлан йистехь Марсхьокху-беттан 23-хь газан биргIа йохийна хиларх лаьцна хаам бира Оьрсийчьурчу зорбанан гIирсаша. Бехк-такхаман гIуллакх долийнера прокуратуро, леррина бахам бохорна аьлла.

Гезгмашин-беттан 3-хь а, 4-хь а гIирмин гIезалойн пхеа стеган хIусамашкахь талламаш бира полисхоша. Уьш берш лецна. Цаьрна юкъахь ву Меджлисан гIантден когаметта Джелял Нариман а.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG