ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эвлан вахархочо ларамаза "Хьекъале кхажтасаран" хьехарш дахьийтина шайн юьртан куьйгалхочуьнга


Пензан кIоштахь Волчий эвларчу вахархочо Грибанов Андрейс, дагахь а доцуш, ларамаза кехат дахийтина юьртан администрацин куьйгалхочуьнга "Хьекъале кхажтасаран" хьехарш тIехь а долуш, цул тIаьхьа хьаькам еъана цу стеган цIа, улле вьккхина куьпан полисхо а волуш. Цунах лаьцна хаам бо "7х7" зорбан гIирса хиллачу къамелан аудио а ялош.

Грибановн кехатехь хьехарш хилла номер 899 йолчу куьпахь кхажтасарх лаьцна. Меттигерчу администрацин куьйгалхочо а,полицин белхахочо а хиттина цуьнга, хIун Iалашо йолуш дIасабахьийтинера ахь и хаам, дагахь вуй хьо кхажтосучу деношкахь дуьхьалонан акцеш а, пикеташ а дIаяхьа бохуш.

Полисхочо хьехар дина дIаса ма эхийта "тайп-тайпанчу соцалан машанакаху а хьайн гIурт" аьлла, цо варе вина Грибанов, "Единая Россия" партехьа агитаци еш вац хьо, ткъа карарчу хенахь "агитаци ярна таIзар догIуш ду" аьлла.

Полисхо схьадийца бохуш хилла "ВКонтакте" муьлхачу тобан агIонехь гинерахьа Грибановна "Хьекъеле кхажтасаран" хьехарш.

Гезгмашин-беттан 6 чохь Роскомнадзора блок хIоттийра "Хькъеле кхажтасаран" сайтана, и проект "экстремистийн цхьаьнакхетараллица" йоьзна ю аьлла.

  • Ийначу кепехь дIахьура болчу Оьрсийчуьрчу парламентан харжамашкахь 225 депутат хоржур ву партийн тептарехула, кхин а 225 – цхьана мандатан харжаман гонашкахь. Пандеми хиларна до аьлла кхаж тасар хир ду кхаа дийнахь – Гезгмашин-беттан 17-19 деношкахь. 11 регионехь, шайна юкъахь Нохчийчоь а йолуш, хоржур бу куьйгалхой, 39 регионехь депутаташ хоржур бу низамаш дохучу гуламашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG