ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан сахьто 10-гIа де гойтуш хилла цо кхажтосуш яьккхинчу видеона тIехь


Путин Владимир
Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран сахьт 10-гIа де гойтуш ду видеошна а, суьрташна а тIехь, чIагIдерехь, цо Пачхьалкхан думан харжамашкахь кхаж тосучу хенахь. Цунна тIе тидам бахна "Настоящее время" телеканалан, яздо Свобода Радионо.

Пачхьалкхан думе харжамашкахь кхажтасаран 1-чу дийнахь Гезгмашин-беттан 17-хь Кремло яржийначу видеона тIехь Путина боху, ша дистанцин кепехь кхажтесна, шена гонах болчу нахана юкъахь коронавирусан ун даьлла меттигаш хиларна изоляцехь ша хиларна.

Журналисташа билгалдоккху, онлайн а, хенал хьалха а кхажтаса харжамашкахь бакъо цахилар, ткъа Гезгмашин-беттан 10-хь Путин карантинехь а ца хилла.

Кремлан зорбан-сервисо 17-хь яржийначу кхечу видеошна а, суьрташна а тIехь а гуш ду Путинан сахьто 10-гIа де гойтуш хилар. Ша аьлча, дуьйцург ду ШОС (Шанхайн накъосталлан вовшахкхетаралла) вовшахкхетараллан лидерийн онлайн-кхеташо дIайоьдуш даьккхина сурт. И кхеташо хиллера билггал Гезгмашин-беттан 17-хь.

Кремло цкъачунна комментари ца йина президентан сахьто гойтучух лаьцна. "Настоящее время" телеканало яздарехь, Путинан сахьта тIехь долу терахь 7-хI денна тIаьхьадуьсуш хилар, кхечу мероприятеiкахь даьхначу суьрташна тIехь а.

Хьалхо Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хаам бинера, шен гонехь дуккха а нах коронавирусан ун токхуш хиларна, карантине ваха веза ша аьлла. И бахьана долуш Путинан кхаж тасадийзира Пачхьалкхан думан харжамашкахь интернетехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG