ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Telegram-а блок хIоттийна "Умное голосование" ботана, "тийналлин денош" бахьана а дина


Гайматан сурт
Гайматан сурт

Гезгмашин-беттан 18-чу буса Telegram мессенджеро блок хIоттийна "Умное голосованиу" (Хьекъалан кхажтасар) ботана, хаам бо "Настоящее время" телеканала. Иза схьайиллича гойту цо "меттигера низамаш дохадо" йоза.

Иза дале хьалха Telegram кхоьллинчу Дуров Павела хаам бира, мессенлдеро блокаш хIиттор ю "харжамашца йоьзна агитаци йон бтоаш" аьлла.

Цу тайпа сацам бар Дуровс кхетийра харжамаш дIабоьлхучу дийнахь агитацин ян ца магийначу "тийналлин деношца", дуккха а деношкахь кхаж тосуш Оьрсийчохь цхьа а "тийналлин денош" дацахь а, ткъа агитаци яр сацош далахь а кхажтасаран хьалхарчу дийнахь дуьйна, кху харжамашкахь билггал аьлча аьлча, Гезгмашин-беттан 17-чу буса дуьйна.

"Умного голосование" ботана блок хIотторца йоьзна шен пост Дуровс йолийра Google а, Apple-на а критика еш, яздо "Настоящее время" телеканала.

Хьалхо "Навальный" аппликаци дIаяьккхира Оьрсийчохь Google play-хь а, App Store-хь а. Роскомнадзора бехке йинера Американ Google, Apple, Cloudflare, Cisco IT-компанеш, цара гIо деш ду "Хькъале кхажтасарна", ткъа иза Iедалша лорур ду "харжамашна арахьара юкъагIертар", дIахьедина Роскомнадзора.

New York Times газето бинчу хаамца, Google-а "Навальный" аппликаци дIаяьккхина шен белхахой ларбар Iалашонца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG